ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн полицина ца вевза Iамеркахь вийна Тодашев



Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Орландо-гΙалахь вийна нохчо Тодашев ИбрахΙим хилла вац Нохчийчоьнан полицино хΙоттийначу зуламхойн тептаршкахь, аьлла хаам баржийна Соьлж-ГΙаларчу Ιедалша.

Бостонехь лелхийтарш дина хила тарлучу Царнаев Тамерланца уьйрехь хилла хиларна ша левечу ФБР-н белхахочунна урс карахь тΙелетча вийна иза вукхо, аьлла бу Ιаьмеркара кхаьчна хаам.

Царнаевца цхьана Тодашев а хила тарло ши шо хьалха кхо Ιамеркахо верна бехке, аьлла, левеш хилла иза Бостонехь бохам баьллачул тΙаьхьа.
XS
SM
MD
LG