ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь президент харжарх ойла йо оппозицино



Истамбулехь кхеташо дΙахьош ю Шемара оппозици. Шина шарна бахбелла чоьхьара тΙом сацон Ιалашонца гулбелла тайп-тайпанарчу тобанашкара президентна Асадна дуьхьал лаьтта ницкъаш.

Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташий, Оьрсийчоьной машаран программа кховдийна Асад Башаре а, Шемарчу оппозицига а. Бакъду, Европерчу а, Ιамеркарчу а, Оьрсийчуьрчу а политикийн барт ца хилла Шемара Ιедал оппозицин каракхачаде некъ карон.

Туркойчохь кхаа денна гулъеллачу оппозицин ойла ю керла президент Шемахь хоржа. Оццу юкъанна Урдунехь йоьдуш а ю Шемин кхоллам буьйцуш официалан кхеташо – «Шемин доттагΙий» олучу мехкийн векалш бартлахаран дийцарш дΙахьош бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG