ТIекхочийла долу линкаш

Эзарнаш бевзаш боцчийн декъеш тIехь юхаметтахIоттийна керла Нохчийчоь


Цхьанатоьхна Штаташ - Гиллиган Эммин "Нохчийчура террор: Оьрсийчоь а, Бахархойн ТIамехь Баланаш а" цIе йолчу жайнин мужулт

Цхьанатоьхна Штаташ - Гиллиган Эммин "Нохчийчура террор: Оьрсийчоь а, Бахархойн ТIамехь Баланаш а" цIе йолчу жайнин мужулт

Бевзаш боцу шортта нах дIабоьхкина, Нохчийчохь долчу иттаннаш даккхий а, кегий а кешнашца йоьзна проблема юьйцур ю аса. Аьлча а, оьрсийн Iедалш уьш ца дастийта ечу дуьхьалонах а, шен хенна ца дастаро, оьрсийн эскарша Нохчийчура шина тIамехь динчу зуламашна тIаьхьакхиа болу аьттонаш жимбарх а лаьцна.

1994 шарахь дуьйна Нохчийчохь йоьдуш йолу конфликт хIинца а юьззинчу кепехь дIайирзина яцахь а, цуьнан уггар лазаме жамI ду, тIом бечара дина долу къиза зуламаш. Оцу зуламийн доккха цхьа дакъа цу оьрсийн Iедалша даста дуьхьало ечу кешнашкахь Iуьллуш ду.
ШолгIа дуьненан тIамехь дIабоьхкинарш тахана а карош бу. Амма Москохо шен ма-хуьллу дуьхьало йо, Нохчийчохь долу цхьа каш схьаделла а.

Оцу хьокъехь Маршо радионо дуккхаза а дийцина. Делахь а, и гIуллакх кхин меттах долуш ца хиларна, тхуна эрна ца хета юх-юха а дуьненарчу говзанчашца и хаттар дийцар.

Нохчийчура тIемашкахь динчу зуламех лаьцна цхьа жайна арахецна Цхьанатоьхначу Штаташкахь Коннектикут Университетехь хьоьхуш йолчу юриста а, Iилманчас Гиллиган Еммас. Шен жайни тIехь коьртачу декъана, ши тайпа зуламаш теллина Гиллиганс: тIеман зуламашший, адамаллина дуьхьал дина долу зуламашший.

Карарчу хенахь деккъа Москохан Iедалан карахь ду, Нохчийчура кешнаш схьадастийта бакъо ялар а, цу гIуллакхана оьшу лаборатори яйтар а. Кешнаш схьадастар чолхе а, ахчанан тIегIанехь деза гIуллакх а ду. Цигахь цхьанаболх бан безаш масех Iедалан хьукхмат ю. Таханлера Оьрсийчура Iедал, Нохчийчохь шолгIа тIом болийна, и бахьанехь, пачхьалкхан лаккхарчу дарже кхаьчна Путин цуьнан коьртехь мел ву, даста долор ду бохучух дог дохийла яц. Важа некъ бу, дуьненаюкъаралло бан тарло тIеIаткъам. Кхин цхьа некъ а, программехь аса тIаьхьуо буьйцур бу.

Ишта хIоьттинчу суьртехь, Москохана тIеIаткъам бан цхьа а дуьненаююкъара ницкъ буй, аьлла хаттар делира Маршо радионо Гиллиган Эмме.

Гиллиган Эмма - "Нохчийчохь террор: Оьрсийчоь а, маьршачу нехан тlамера трагеди" цlе йолчу жайнин автор

Гиллиган Эмма - "Нохчийчохь террор: Оьрсийчоь а, маьршачу нехан тlамера трагеди" цlе йолчу жайнин автор

Гиллиган: «Нохчийчохь цхьанаметта дукха нах дIабоьхкина кешнаш схьадастийта а, цу чуьра декъий схьадахийта а Оьрсийчоьнна тIеIаткъам балур болуш мила вара бохучунах лаьцна аьлчи, карахь йолчу хенахь - цхьа а вац. Ма-дарра аьлча, иза Дуьненаюкъарчу Трибуналан а, Дуьненаюкъара Талламан а дакъа дац. Цундела чIогIа хала ду дуьненаюкъараллина, кешнаш схьа а дастий, уьш довзаран процесс йолае аьлла, оьрсийн администрацина тIеIаткъам бан.

Суна гуш берг беккъа цхьа некъ бу - нохчийн администрацина я оьрсийн Iедална тIеIаткъам бан - Европерчу Адамийн Бакъонийн Кхелан сацамаш хьесапе эцар.

Зуламаш талла оьрсийн Iедало дуьхьало яр а, нийсо меттахIоттон хIумма деш ца хилар а, ма оьшшура, бевзаш боцу нах дIабоьхкина кешнаш схьадаста лаам ца хилар а, цу гIуллакхана оьшу лаборатори ян тоъал ахчанаш ца далар а - суна хетарехь, и массо хIума цхьаний кхеле дала дезачу гIуллакхан бух бу.

Цул сов, Европан Конвенцин адамийн бакъонийн артиклш йохош а ду иза. Адамаллина дуьхьал хIума ду иза, бевзаш боцчу нехан кешнаш ца дастар.

Суна хетарехь, Европера Адамийн Бакъонийн Кхело хьоьгуш йолу цхьа хало, иштта, нохчийн администрацино а хьоьгуш йолу хало, «террор лелорехь шеко йолу стаг дIаволларан акт ю». И акт 2003-чу шарахь араяьлла ю. Цу акто хIун боху аьлча, нагахь санна, тIемалой, могIарера нах террорахой хиларна шеко елахь, (оьрсийн) Iедалан бакъо ю, дакъа оцу стеган гергарчарна дIа ца дала. И акт чIогIа халонаш кхуллуш ю. ХIунда аьлча, цо бакъо схьайоккху бехкечуьнан доьзалера дакъа схьаэца а, дIадолла а.

Иштта, артикло бахарехь, оьрсийн Iедалан хьажамца а догIуш, радикалан гIаттамхоша цу кешнех пропагандин маьIнех пайда оьцур бу. Цундела, ишттаниг ца хилийта, декъий дага а дина, шайна луъург дан йиш ю Iедалийн.»

Маршо радио: Амма оцу низамана дуьхьало ян некъ карийна ГIебарта-Балкхаройчуьра бахархошна, аьлла дийцира Гиллиганс.


Гиллиган: «Сабанчиева Оьрсийчоьнна дуьхьал цIе йолу гIуллакх, 2005-чу шарахь Нальчикехь полисхойн хьукхамаштана тIелатар дарца доьзна ду.
Цу тIелатарехь байъинарш, и тIелатар динарш а, ларамаза уллехь нисбелла тешаш а бара.
50 доьзало Оьрсийчоь Страсбургера Адамийн Бакъонийн Кхеле елла, доьзалийн лаамийн дуьхьал, цу байъинчийн дукхах болчерийн декъий дагийна, аьлла. Иштта, цу доьзалшна декъий дIа ца делла.

И гIуллакх маьIне хIунда хила мега? Цара Европан Конвенцин Адамийн бакъонашца йоьзна масех артикл дуьхьал яьккхина Оьрсийчоьнна. Цунах тера гIуллакх кхеле дала луучу адвокаташа а пайда оьцур бу цунах. Уьш ю артикл 3 - адаман сий дойъу артикл, стаг дIаволла йолу бакъо, артикл 8 - динах лаьцна артикл, артикл 13 - иза цхьа шуьйра а, эвсаре гIирс бу нийсо меттахIотторехь.

И гIуллакх нийсса цу цхьанаметта шортта дIабоьхкина, бевзаш боцчу нехан кешнашца доьзна дац. Амма 50 латкъамхо цхьанакхеттера гIуллакх чудала. Шайн гергарчерийн декъий схьа ца даларна, ма оьшшу, дIадохка бакъо ца яларна а, дага а дина, уьш сийсаза дахарна эргIадбахана бара уьш.

Со хIун ала гIерта. Нагахь санна цхьаннен гергара стаг - кIант, йоI, да зуда, йиша-ваша оцу дукха нах дIабоьхкина кешнашкахь делахь, уьш схьадаста новкъарло ян гIерта Iедалера нах пайда эца хьажа тарло.

Иштта, цхьана а кхетта, гергара нах байнарш нийсо меттахIотторан гIирс лело хьажа тарло. Нохчийн администрацега, хила ма-беззара, таллам бар дIадоладалур дара.»

Маршо радио: Iамеркера говзанчо масаллина далийна дагадоуьйту Маршо радионо.
2005-чу шарахь ГIадужу беттан 13-чу Iуьйранна Нальчик-гIаларчу бакъонийн органашна а, къайлахчу сервисана а, герз духкуш хиллачу туькханна а а бист кхаччалц - тIелатар динера. Iедалийн хьесапехь, цу тIелатарехь дакъа лаьцнера 250 стага. Шина дийне яхъеллачу цу операцехь, официала хьесапехь 95 стаг вийнера. Iедало церан цIераш ца йийцира.

Гиллиган Эммас лакхахь ма-дийццара, байинчарна юкъахь тIелатар динчарца цхьаьна, ларамаза уллехь нисбелларш а бара. Амма церан гергарчийн кхин аьтто ца баьлла, церан бехк ца хилар тIечIагIдан.

Цул сов, декъий а дIадохка дIа ца делла Iедало церан гергарчарга. Страсбурге бинчу латъкамехь цара чIагIдо, дIадохка декъий схьа ца луш, Оьрсийчоьнан Iедало Конвенцин 3-чу артикло луш йолу бакъо йохайо, бохуш. Цара, ишта латкъам бина, шайн гергарчерийн декъий Нальчикера моргехь латторан хьелашна а. Конвенцин 6-чу артиклана тIе а тевжаш, цара латкъам бина, бехке ца хила йолу бакъо а, нийсонца гIуллакх къасто йолу бакъо а йохийна Iедалша, аьлла.

Иштта, тIаьхьуо 2007-чу шеран Марс-хьокху беттан 17-чу дийнахь чубеллачу шина латкъамехь-нисдаршкахь цара билгалдаьккхина, Iедал дуьхьал хилла, бехк-такхаман гIуллакхан копеш а, кхин йолу информаци а шайна яла, аьлла. Иза, Конвенцин 38-гIа артикл йохош хIума ду.

Цул сов, цара латкъам бина, оьрсийн Iедалша Конвенцин 34-гIа артикл йохийна, Кхелехь гIуллакх хоттучу юкъанна, иза дерза а тигале, 2006-чу шарахь Мангал-беттан 22-чу дийнахь шайн гергарчерийн декъий къайлаха дагадарна а.

И бохург, Нохчийчура тIемашкахь тIепаза гергарнаш байнарш хьовса тарло, цхьана а кхетта, шайн латкъам кхеле бала. Амма Москохана муьтIахь волчу Кадыровс урхалла дечу Нохчийчохь и санна ойла чекх ер-ю яц бохург дийцар, цацан чохь хи кхехьар санна хIума ду.

Нохчийчохь шен омарш кхочушдеш, оьрсийн куьйгалло хьовсийначу салташа дина зуламаш цкъа а кхеле ца довлийта, Москохо хIуъа а дийр ду. ХIунда аьлча, салтийн зуламаш талла долийча, гучудер ду, уьш шайн буьйранчийн омарш кхочушдеш хиллий. Ткъа церан буьйранчаш, Кремлан лаам а, политика а дIакхоьхьуш хиллий.

Юха а, тIаккха а, цу проблемина жоп лаха Iалашонца, Маршо радионо кхин цхьа хаттар делира говзанче Гиллиган Эмме. Дуьненаюкъара бакъонашкахь цхьа а артикл юй, дукха адамаш дIадоьхкина кешнаш схьадаста дуьхьало ян бухе йилла мегар йолуш?

Гиллиган: «Яц, суна хууш яц. Суна хетарехь, Нохчийчохь хилларг 15-16 шо дIадаьллачул тIаьхьа а Дуьненаюкъарчу Зуламийн Кхело а, ТIеман Трибунало а листина дац, я церан бакъо а яцара иза дан. Цундела чIогIа хала хир ду дуьненаюкъарчу организацина оьрсийн Iедална Нохчийчура декъий чохь долу кешнаш схьадастар тIедилла.

Суна гуш берг беккъа цхьа некъ бу. Европан Барт а, Европера адамийн бакъонийн кхел а ю оьрсийн Iедална тIеIаткъам бар дIахьуш. Дуккха адамаш дIадоьхкина кешнаш дастаран гIуллакх юкъ-кара ойъу цара. Вайна хууш таханлерчу денна 57, кхин дукха дацахь, доккха каш ду Нохчийн республикехь. 2000-чу шарахь 74 дакъа карийнера Таьнги-чу воьдучу новкъахь, Хьалха-Мартанна уллехь. Ханкалахь, "дачный поселок" олучехь а карийнера 2001-чу шарахь.

ТIаьхьарчу хенахь, зуламаш толлучу а, и кешнаш лохучу а Нохчийн Комитето ша а мукIарло дина, оьрсийн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица цхьанаболх бан шайна Iаламат хала хилар.

Сингаттам стенца боьзна бу аьлча, и тайпа, дуккха а бевзаш боцу нах дIабоьхкина кешнаш кхин а карийча, уьш шайн хенна схьа а даьстина, къасто ма деззара, декъий къаста а дина, хIума ца дахь, талламан процессана боккха тIеIаткъам бийр бу цо. Дакъа хьенан-мила хилла-м къасталур ду, амма, кхеле даккха тоьшалла карор дац. Иза а ду.»

Маршо радио: МогIарерчу бахархойн карахь ду цхьацца тоьшаллаш – нах байъаран а, ницкъ биначул тIаьхьа дIабохкаран а. Дукхах болчара хIинцалера Нохчийчоьнан Iедалера цхьана а хьукхмате ца ло уьш, оьрсийн Iедална муьтIахь уьш хиларна, дайъарна кхоьруш.

Кхелехь и тоьшаллаш муха лелалур дара? Я тидаме оьцур дуй уьш, цкъа мацца а дIаяхьа тарлучу кхело?

Гиллиган: «ХIаъ... дера и чIогIа хала хаттар а ма ду. Цу хаттаро рогIера, Дуьненаюкъарчу Низаман хийцамаш хуьлу мур гойту тIаьхьарчу 6 шарахь.
Нийсо меттахIотторан гIуллакхаш талла буьйлабеллачерийн а, нийсо кхайкхочеран а сацамашкахь хийцамаш хилира.

Масала, Къилба Африкехь шайн тIепаза байначу бевза-бовзачарех хIун хилла, хаа луш болчара амнисти кхайкхийнера, билггал хIун хиллера гинчарна, цара еллачу еза информацех. Царна дуьхьал зуламан гIуллакх ца даьккхинера.

Хала хеташ делахь а, иза чIогIа... муха эр дара и... хIора стага ша беш сацам бу. Бан чIогIа майралла оьшуш, хала сацам а бу.

Амма, суна хетарехь, хIинца, синIаткъаманна хилла халахетар меттахIотторан гIуллакх Европера Адамийн Бакъонийн Кхелехь хир ду. Аса и хIунда боху аьлча, синIаткъаманна хилла халахетан меттахIоттор хилла ца Iаш, Iаламан маьIне ду иза исторехь дIаяздан а.
Адамийн Бакъонийн Кхелехь зуламаш дукха мел толлу а, исторехь дуьсур ду, хиллачуьнца доьзна кIезга-мезга ладаме тоьшаллаш. Шина тIамехь дина зуламаш а, Кадыров Рамзана урхалла дечу хенахь хилларг а цхьана гулло.»

Маршо радио: Кхузахь дагадаийта деза, цкъа оцу хьокъехь Нохчийчура омбудсменца Нухажиев Нурдица къамел деш цо хаьхийнарг. Къизачу тIемаша кIел битина а, шайн гергарчарех дерг хIун ду ца хууш, дийна боллушехь, жоьжахатехь бехачу нохчийн бахархоша шаьш ур-атталла, къинтIера девр дара боху зуламаш динчарна, и декъий схьа даьстина, шайн волу стаг билгал ваьккхина, цуьнан дакъа дIа мукъа а доллийтича.

Амма историн бакъдерг а, нийсо а меттахIотторехь цу гIуллакхо кхоччуш новкъарло йийр ю бохучунна тIехь лаьтта, хIинццалц Маршо радиоца оцу хьокъехь къамелаш динарш.

Юха а Нохчийчура могIарерчу бахархошкахь долчу тоьшаллех лаьцна дийцича, царах муха пайда эцалур бу зуламаш толлучу кхеле?

Гиллиган: «Суна хетарехь, зулам дар къасточу кхелехь сацам беш, массо хIумано гIо до кхелехь. Кхеташ-м ду, адвокаташка хьаьжжина хуьлу, цара муьлха тоьшалла кхелехь леладо, муьлханиг кхелан хIусаманна арахь дуьту. Амма, адамаша шайна гинарг, хезнарг, шаьш теш хилларг а дохьу дера кхеле. Меттигерчу бакъонаийн органашца шайн хилла зеделларг дохьу. Цкъа-цкъа теллина я, низамо ма-бохху, теллина доцуш хуьлу церан гIуллакхаш. Я цкъа талла долийна доцуш хилла а хуьлу.

Массо а цу информацино меттигера нийсонан системан кеп а, цуьнан векалш а гайтина ца Iа. Цо вайна иштта аьтто ло, билггалчу хенахь билггал хиллачуьн хьокъехь нехан хиллачу зеделлачух йолу информаци йовза а. Низаман хьесапехь чIогIа-чIогIа маьIнехь хилла ца Iа иза. Нохчийн юкъараллин эсехь диснарг, церан истореш, цигахь хилларг Iаламат маьIне ду.»

Маршо радио: Нохчийчохь иттаннашкахь бевзаш боцу нах дIабоьхкина кешнаш схьадастарна тIехь Оьрсийчоьнан Iедалша мел чIогIа дуьхьалонаш хIиттаяхь а, Нохчийчоьнан таханлера администраци гIорасиз яц аьлла хета Iамеркера говзанчина Гиллиган Эммина.

Гиллиган: «Суна хетарехь, дийца чIогIа ладаме долу хаттар, Нохчийчура талламан комитетца карарчу хенахь хуьлуш дерг ду. Нохчийн администрацега хIун далур дара, оцу дукха нах дIабоьхкинчу кешнашца, хIун гIулч яккхалур яра аьлла хаьттича, аса ишта эр дара.

2007-чу, 2008-чу шарахь кхоьллина моьттуш ю-кх со Нохчийчохь и Талламан Комитет. И комитет прокурорца болх бан безаш яра тIепаза байначеран гIуллакхашкахула. Цул сов, царна тIедиллина дара, дукха адамаш цхьанаметта дIадоьхкинчу кешаншца доьзна гIуллакх а. Вайна ма-хаъара, Нохчийчура тайп-тайпана кIошташкахь иттаннаш даккхий, жимма кегий а кешнаш гучудевлла.
И комисси кхоьллина а, къобалъйина а ю. Вайна кхин а хууш ду, цу комитетан куьйгалхочо (нохчийн) Чоьхьарчу ГIуллакхийн министре дахьийтина кехат, цара шайна Iаламат хала ду цу кешнашца доьзна цхьа а хIума долон, аьлла.

Суна хетарехь, уггар догдохош долу жамI муьлханиг ду аьлча, Нохчийчохь Талламан Комитето декъий талларан, довзаран лаборатори йилла аьлла дина дехар юхатоьхна хилар ду. И лаборатори цул а хьалха йийр ю аьлла яра. Цунна оьшу миллионаш билгалдаха кийча Европан институташ а яра. ХIинца, суна хетарехь, цуьнан карахь хIун ду аьлча, Европан Барет а, Европан Комиссе а, кхечарга а позитиван билгало яхьийтар ду. ТIепаза байнарш билгалбаха цхьа моггIа шаьш яьхна гIулчаш, дан гIиртинарг а, и тIепаза байна нах бойъуш дина зуламаш талла а, билгалдаха а гIерташ шаьш динчух лаьцна информаци ялар а ду.»

Маршо радио: Амма Оьрсийчоьнан Iедалш юкъагIерта цунна. Цара чекх ца долуьйту Нохчийчура Iедалша цу гIуллакхехь юьхьарлаьцнарг. Даханчу 20I2-чу шеран Чиллан баттахь, премьер-министран дарж Медведев Дмитрийга юха дIа а луш, Путин Владимир кхин цкъа а оьрсийн президентан гIанта хаале, цо Нохчийчу кехат дахьийтинера, кешнаш дастар вуно экаме гIуллакх а ду, уьш даста хан тIе а ца кхаьчна, аьлла. Путинас къобал ца дича, Кадыровс цхьа гIулч а йоккхуьйтур яц.

Гиллиган: «Суна хетарехь, кхин цхьа проблема а ю, Нохчийчохь юхаметтахIотторан белхаш мел бо вай Iитталур долуш. И проблема кхана Iуьйрре гучуер йолуш ю. Цул сов, цу хиламийн историн маьIна а ду чIогIа ладаме.

Оццул дукха адамаш дIадоьхкинчу кешнашкахь бевза-безарш болчеран гIуллакх уггар коьртаниг ду, кхеташ ма-хиллара. Иштта, и кешнаш хиларо вайна гуттар а дагадоуьйту, зуламаш дина хилар а, къизаллаш лелийна хилар а. Уьш хIинца а дстаза хиларо, белларш шайн-шайн кешаншка дIа ца берзабаро а диц ца долуьйту къизаллаш йина хилар. Нохчийчура шина тIамехь боккъалла хиллачунна тIаьхьакхиа а таро ца ло уьш дастаза дисаро.»

Нохчийчохь дина зуламаш, цкъа мацца теллина а толлур ду, богIу мах а хадор бу церан. Амма муьлхачу барамехь дина хир ду и гIуллакх, шаьшна, бахархошна тIехь а ду.

Деа бIе шарахь Оьрсийчохь чIагIделла догIучу муьлххачу а Iедало, кхин дерг массо хIума – политикина тIера дахаран хьашташна тIекхаччалц - хийцахь а, цхьа гIуллакх ду цкъа а ца хуьйцуш дуьтуш – нохчийн къам муьлххачу а бахьанашца хIаллакьдар. ТаIзарза зуламаш мел дуьту, и зIе цкъа а хедар яц.

«Нохчийчура шина тIамехь динарш - тIеман зуламаш ду» элира, Гиллиганс. "Оьрсийн Iедалша боьдуш болчу тIамах Террорана Дуьхьал йолу Операци олуш делахь, Женеван Конвенцех хьакхалуш ю и. И конвенцеш йохош дина долчу зуламех олу вайн тIеман зуламаш. Сайн балха тIехь аса оьрсийн эскарша а, нохчийн ницкъаша а дина долу зуламаш толлу," аьлла.

Адамаллина дуьхьал дина зуламаш уггар луьрачарах ду, боху Гиллиган Эммас. Уьш къаьсттина билгал ду шайн къизаллица. Дукхачу декъана къам ца дезарх а доьзна ду уьш.

"И билгало сих-сиха коьртачу тосу, вайн шолгIачу тIамах лаьцна ойла еш хенахь"- тидам бира Iилманчас. "Вай дуьйцург нах доьза бар хилла ца Iа. Иза адамаллина дуьхьал долу зулам лара мегаш хиларх сан цхьа шеко яц», аьлла дерзийра Iилманчо шен къамел.

Гиллиган Еммас язбина болу болх хIинцале арабаьлла, Принстонан университето зорба а тоьхна.

http://www.amazon.com/Terror-Chechnya-Tragedy-Civilians-Humanity/dp/069II30795/ref=sr_I_I?ie=UTF8&s=books&qid=I27357I549&sr=I-I
XS
SM
MD
LG