ТIекхочийла долу линкаш

Кабулна тIелетта тIалибаш



Кабулера хаам баьржина, цигахь цхьана цΙа чохь дΙачΙагΙбелла тΙалибаш, юхьанца гΙали чохь доккха ши эккхийтар а дина, аьлла. Гиначара тоьшалла до, лелхийтарша вуно ницкъала дара бохуш.

ОвхΙанистанан полицино бинчу хаамца, кхерамзалла латточу Ιедалан хΙусамашна дина тΙалибаша и тΙелетарш. Оцу гΙишлошна гергахь ю дуьненаюкъарчу хьукматийн хΙусамаш а. Оцу меттигашкахь адамашна хилла зенаш дац, боху цхьайолчу хьостанаша.

Телефонехула бехк шайна тΙеэцна муджахΙидийн векало. Цо бахарехь, тΙелатар машен а оьккхуьйтуш долийна тΙалибаша.
XS
SM
MD
LG