ТIекхочийла долу линкаш

"Магасан" девне тешаш ца балабало кхеле



Юха а тΙекхайкхина тешаш баьхкина а боцуш бина шен болх Ростоврчу тΙеман кхело Кавказ-Имарат куьйгалхошлахь хиллачу Тазиев Ιелин дов хоттуш. Иза хΙинца дуьххьара нислуш а дац. Амма ца довзуьйту кхело нахана тоьшаллаш дан ца лаар стенца дозу.

Карарчу хенахь Тазиевна тΙехьочу бехкех толлуш ду цо цхьа зама хьалха Несарарчу полицина хьалха 262 стаг а лазош эккхийтар кечдар. Амма хууш дац, тешаш а боцуш муха таллалур ду дов.

Ши шо хьалха МаьлгΙабекахь лецира Тазиев.

XS
SM
MD
LG