ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

61 шо долу нохчийн мухIажир вайна оьрсийн-азербайджанахойн дозанехь


Оьрсийчоьнан Азербайджанца долчу дозанах чекхволуш лар йоцуш вайна Нохчийчура Аргун-гIалара вахархо Бибулатов Муслим. Цунах лаьцна хаам бина «Мемориало». 2005-чу шарахь дуьйна шен доьзалца Азербайджанехь вехаш хилла 61 шо долу Бибулатов. Кху беттан 20-чу дийнахь иза Нохчийчу ваха араваьлла хилла. Дийнахь 12 сахьт даьлча Азербайджанан агIор Дербентерчу постах чекхваьлла иза а, цуьнца хилла кхин болу нах а. Амма Оьрсийчоьнан дозанхойх Бибулатов чекх ца ваьлла.

Цуьнца хиллачу наха дехар дина дозанхошка Бибулатовн кхолламах лаьцна хаам бахьана шайга аьлла. Амма цара шайна хууш хIумма а дац аьлла.

Мемориало бинчу хаамца, Бибулатов Муслиман гергара нах кхоьруш бу иза Нохчийчурча кхерамазаллин ницкъийн кара вахана хиларх. Цара дийцарехь, Бибулатов 1990-чу шерашкахь дуьйна агIонча хилла Нохчийчоь йозуш йоцуш хиларан. Цунна юххера вевзаш хилла Ичкерин куьйгалхо хилла Садулаев Iабдул-Хьаьлим.

Мемориало Оршотан дийнахь бинчу хаамца, ша Iедалша хьийзорна кхоьруш Бибулатов махках ваьлла хилла 2005-чу шарахь. Бакохахь иза лоруш хилла дуьненаюкъаралло тIелаьцна волу мухIажир санна. Иштта адара Маршо Радион тIеххьара керланаш!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG