ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьал дийцаре дина бакъонашларъярхоша Женевехь


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан кхерамазаллан кхеташоно сихха цхьаъ дан деза Шемахь адамийн бакъонаш талхор сацо аьлла, дIахьедар дина цу Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Пиллэй Навис.

Цо дийцарехь, дуьненаюкъаралла жоьпаллехь ю, шина шарахь тIом ловш болчу шемахойн кхерамазалла кхолла а уьш ларбан а. Делахь а Пиллэйс ца элира билггала хIун дан деза кхермазаллин кхеташоно. Пиллэй Навис къамел дира Оршотан дийнахь Женевехь схьайиллинчу 23-чу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан сессехь.

Шемара хьал дийцаре дан деза аьлла дехар динарш бара Iамеркан а, Туркойчоьнан а, Катаран а декъашхой. Мангал-беттан 4-чу дийнахь Женевехь ладугIур ду Белорусера хьал дуьйцуш волчу лерринчу рапортере.
XS
SM
MD
LG