ТIекхочийла долу линкаш

Чехин премьер Нечес Москох цхьаьнакхетта Медведевца


Деа денна лерина визит дIахьош ву Москох Чехин премьер-министр Нечас Петр. Оршотан дийнахь иза цхьаьнакхетта Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца.

Цул хьалха Чехин Москох векалаллехь журналисташна хьалха вист хуьлуш, Нечаса дIахьедар дира, «Магнитсикй акт» санна болу Оьрсийчурча коррупцин дайшна дуьхьал санкциш кхайкхорах лаьцна болу сацамаш берриг а Евроберто бан беза, хIора пачхьалкхо а ца беш аьлла.

Шен визит дIахьош Чехин Iедалан гIантда Сочех цхьанакхетар ву Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Цул тIаьхьа Чехерчу бизнесхойн тобанца иза гIур ву Петарбухе а, Екатеринбурге а. Чехин премьер-министран визитан коьрта Iалашо ю Оьрсийчоьнца йохка-эцаран а, экономикан а юкъаметтигаш шоръяр.
XS
SM
MD
LG