ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу оппозицина герз дохка магийна Евроберто


Шемарчу оппозицина герз дохкарна кхайкхийна хилла эмбарго дIаяккха Евроберто бинчу сацамо зе дан мега цу махкара хьал дIадерзор Iалашонца Женевехь хир йолчу дуьненаюкъарчу конференцина. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран когаметто Рябков Сергейс. Цо дийцарехь, иза догIуш дац герз дохкарх лаьцна болчу дуьненаюкъарчу бертаца.

Оршотан дийнахь Евроберто дIаяьккхира Шемарчу оппозицина герз далар доьхкуш йолу ша тIеэцна йолу эмбарго. Британин арахьарачу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма дийцарехь, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн планаш яц сихха Шемарчу оппозицин тобанашна гарз дахьийта. Амма тIеэцначу сацамо аьтто бийр бу церан тIейогIучу хенахь эшахь каде хьовза.

Официалан кепара эмбарго латторан хан дIайолуш ю кху беттан 31-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG