ТIекхочийла долу линкаш

Беркема охьадоьжна Саратов-кIоштахь


ТIехь 4 стаг а волуш, Ми-8 олу беркема охьадожна Саратов-кIоштахь. Царах цхьаъ велла, 3 лазийна ву. Меттигерчу прокуратуран векло бинчу хаамца, хилларг толлуш ду.

Беркема доьхна Ивановское олучу эвлана уллехь, планаца а догIуш Iаморан тIемадалар дIахьош. Оьрсийчоьнан ТIеман хIаваан ницкъийн буьйранчо Бондарев Виктора ханна сацийна Ми-8 олу беркеманаш тIемадовлийтар.
XS
SM
MD
LG