ТIекхочийла долу линкаш

Гуманитаран тобанера белхахо йийна Пакистанехь


Пакистанехь Пешевар-гIалана гена доццуш муьлуш бу ца хуучу наха, герз а тоьхна, йийна гуманитаран организацин белхахо. И зуда дакъалоцуш хилла полиомиелит олучу цамгарна дуьхьал вакцинаци еш. Меттигерчу полицин векло бинчу хаамца, гуманитаран организацин кхин цхьа белхахо, чевнаш а хилла, дарбан хIусаме охьавиллина ву.

Шинарийн дийнахь цу регионехь дIадолийна бахархошна полиомиелитана дуьхьал мехий деттар. И болх дIабоьрзур бу кхо де даьлча.

Цу тайпа тIелетарш сих-сиха хуьлу Пакистанехь. Цхьаболчу меттигерчу тIемалойн тобанийн декъашхоша дIахьедарш до, вакцинаци йо а бохуш гуманитаран миссийн белхахой Iамеркана шпионаж лелош бу бохуш.
XS
SM
MD
LG