ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибийн куьйгалхо вийна Пакистанехь


Мел лаххара а 6 стаг вийна Пакистанехь, Iамеркан тIехь кеманхо воцучу кемано ракеташ а тоьхна. Iедалан векалша бинчу хаамца, ши ракета кхетта Къилбаседа Вазиристанехь Мираншах олучу гIалахь долчу цхьана цIа чу. Машаал радион корреспонденто дийцарехь, вийнарг тIалибийн хьалханча МехIсуд Рахьман Вали ву. Пакистанан арахьарчу гIуллакхийн министраллан цIе ца яьккхинчу векло емал дина хилларг.

Хаамин агенталлаш дийцарехь, иза дуьххьарлера цу тайпа тохар ду Пакистанехь дина долу, кху беттан 11-чу дийнахь цигахь харжамаш хиллачул тIаьхьа. Пакистанан Iедалша дIахьедарш до, тIемалой байина ца Iаш маьрша бахархой а бойуш дIахьош йолчу цу тайпачу операцеш, шайн суверинитет йоха йо бохуш.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна хетарехь, дрон олу тIехь кеманхо воцу кеманаш эвсара гIирс бу радикалан исламан тобанашца къийсам дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG