ТIекхочийла долу линкаш

Дуьхьалонан акци кечъеш бу Гуьржийчура адвокаташ


Кхаарин дийнахь дуьйна дуьхьалонан акци йоло дагахь бу Гуьржийчура адвокташ. Интерфаксо дийцарехь, уьш реза бац Iедалша шайн бакъонаш хедорна.

Гуьржийн адвокатийн ассоциацин гIантдас Хатиашвили Зазас бинчу хаамца, дов талларан а, хаттаран а низамашна тIехь бинчу хийцамаша доьхкуш ду адвокатана цхьацца урхаллашкахь таллам бан а, информаци схьаяккха а, иза шена ялар тIедожо а.
XS
SM
MD
LG