ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан конгрессменаш Оьрсийчу боьлхуш бу Бостонера эккхийтарца доьзна хаттарш дала


Цхьанатоьхна Штаташ -- Калифорни штатан векал, республиканхо Рорабахер Дэна, 21ГIа2009
Цхьанатоьхна Штаташ -- Калифорни штатан векал, республиканхо Рорабахер Дэна, 21ГIа2009

Масех де хьалха Нохчийчу вахана хилла Iамеркан актер, латаран мастер, йишлакхархо а волу Сигал Стивен хьаьжнера, масех Iамеркан Конгрессан декъашхочуьн Нохчийчу визит нисъян. Амма, Politico.com вебсайто бечу хаамца, уьш новкъа бовла тIаьххьара кечамаш бечу хенахь, низамашкховдорхой кхера а белла, юхахьабевлла.

Конгрессан Оьрсийчу йолу визит – официала кепара CODEL цIе лелош йолу – Къоман векалийн комитето Бостонера марафонехь динчу лелхийтаршна бечу талламан дакъа ду. Нохчийн къомаха волу ши ваша Царнаев Тамерлан а, ЖовхIар а бехке винера, кхо стаг а вуьйш, ши бIе гергга лаза а веш, тIелатар дарна. ГIиргIизойчохь хьалакхина ши ваша, тIаьхьуо ваха Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташка ваха дIаваханера.

Низамашкховдорхой новкъа бовлале оьрсийн президентаца Путин Владимирца а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а юкъаметтигаш шоръян а вахана, юхавирзинера Сигал Стивен.

«CODEL визитана гIо деш Сигал Стивен вара. Цуьнан доттагIалла ду тесна Путинца а, оьрсийн Iедалера кхечу нахаца а. Церан гIьнца цу регионе визит кечъеш вара иза,» аьлла Сетмайер Тэрас, конгрессменан Рорбахер Дэнан зорбан-секретаро.

Конгрессера хьосташа бечу хаамца, кечъеш хиллачу визитан тIехула дар-дацара делегацин декъашхойн. Масех векал дуьхьал ваьлла, адамийн бакъонаш эшорца доккха томмагIа тIехь долуш, Кремлан гIорторца урхалла деш волу стаг волчу регионе ваха - шайна цигахь тамехь хетар дац, аьлла.

Адамийн бакъонаш ларъяран организацеша критика йинера Кадыров Рамзанна, цуьнан Iедална критика йинарш а, журналисташ а байина цунна а хууш, аьлла. 2012-чу шарахь йозуш йоцчу адамийн бакъонашна тIехьожучу Хьюман Райтс Вотчо арахецначу рапортаца а догIуш, Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъечу нахана кхерамаш туьйсу Кадыровс.

Рорбахерца цхьаьна делегацин декъехь бу республиканхой – Репс Мишель Бахман, Кинг Стив, Кук Пол, демократхой – Китинг Билл, Коэн Стив а, бохуш дуьйцу АВС хаамийн агенталло.

Массо а конгрессменан офисаш дуьхьал хилира цхьана тайпа комментари яла, арахьарчу визитийн кхерамазаллин Конгрессан бакъонашна тIе а тевжаш. Iамеркан пачхьалкхан департаменто а ца йо цу хьокъехь комментареш. Иштта, актеран Сигал Стивенан векалша а жоп доцуш дитина шайга конгрессменийн визитах лаьцна делла хаттарш.

Дукха хан йоццуш Оьрсийчохь хилла ву ша Сигал, Путинан Iедална цхьацца инициативашца накъосталла деш. Цу юкъахь яра фитнесс компани а, Москохан цIарах Цхьанатоьхначу Штаташ

Даханчу кIирнахь Кадыровс инстаграм тIе сурт тоьхнера, Соьлж-гIала вахана хиллачу Сигалца цхьаьна даьккхина долу.

«БIаьсте-2013» цIе лелочу, ницкъаллийн структураша хIоран шарахь дIахьучу Iаморашка хьаьжна Iамеркан актер. Терроран тIелатарш хилча царна дуьхьало ечуха, дIахьуш долу Iамораш ду уьш. Цул тIаьхьа Соьлж-гIалара Кадыровн долахь йолчу гIаланашка вигина хилла актер, шена хIоттийначу тойне. «Нохчо» а, «Вайнах» а хелхаран тобанаша дечу хелхара хьаьжча Iа а ца велла, ша хелхавала юкъаиккхинера, бохуш дуьйцу. «ХIокху дуьнентIехь цул хаза хIума ца гина» шена аьлла боху актеро. Дийцарехь, Нохчийчохь концерт дIаяхьа юхавогIур ву ша аьлла дош делла, доккха похIма долчу Сигала.
Iамеркан конгрессменийн визит карарчу беттан 29-чу, 30-чу деношкахь Москох хир ю. Уьш цхьанакхетар бу Федералан Кхеташонца а, «Цхьаалин Оьрсийчоь» партин лидерца Васильев Владимирца а.
XS
SM
MD
LG