ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан ракеташ дIакхаьчна Шема


С-300 олуш йолчу ракетийн комплексийн хаьлхара дакъа дIакхаьчна Шема-пачхьалкха. Цунах лаьцна хаам бина президенто Башар Асада, Либанерчу «Ал-Манар» телеканалана интервью луш. Цо билагалдаккхарехь, гергарчу хенахь цига дIакхочур ду рогIера дакъа.

Хьалхо ОЬрсийчоьно дIахьедар динера Шемана ЭС-кхо бIа олу ракетийн системаш йохкарх лацна болу сацам хуьйцар бац шаьш аьлла. Оьрсийчоьнан Iедалшна хетарехь, цара дуьхьало ян мега Шемарчу конфликтана юкъагIорта дагахь болчу ницкъашна.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллкхийн министро Лавров Сергейс Еарин дийнахь бехке йира Шеман оппозици, цу махкара конфликт дIаерзор Iалашонца къахьогуш болчу ницкъашна новкъарло ян гIортарна.

Кхаарин дийнахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхам бира ХIезболлахI олучу Либанерчу шиIатийн тобане, хьем а ца беш, шайн тIемалой Шемара арабаха аьлла.
XS
SM
MD
LG