ТIекхочийла долу линкаш

Кхелана хьалха хIоьттина Лондонехь эскаро вийнарг



Вестминстерерчу магистратан кхелана хьалха хIоьттина Лондонехь Бритнин салти вийна аьлла бехке веш волу Адебовале Майкл. Кхаарийн дийнахь цуьнга бехк кховдийра стаг верна а, бакъо а йоцуш, герз латторна а. Салти вуьш дакъалаьцна волу шолгIа стаг Адеболаджо Майкл, ха а деш, латтош ву Лондонерчу цхьана дарбан хIусамехь.

Кху беттан 22-чу дийнахь, арсаш а детташ, и шиъ тIелеттера Британи эскархочунна Ригби Ли-на. Дуккха а чевнаш йинчул тIаьхьа иза велла. И зулам динчу метте баьхкинчу полицин белхахоша, герз а тоьхна, чевнаш а йина, схьалецира ши зуламхо.

Ригби вер толлуш Iедалша лаьцнера кхин а 8 стаг. Царах 6 закъалтана ахча а эцана аравалийтина. Кхин а 2 дIахецна, цхьа а бехк а ца кховдош.
XS
SM
MD
LG