ТIекхочийла долу линкаш

Тутмакхаш реза хилла дуьхьалонан акци сацо


Аьлларг ца деш акци йолийна Свердлов-кIоштарчу Невьянскехь йолчу колонин тутмакхаша. Цу акцехь дакъалоцуш ву 400 гергга стаг. Цуьнах лаьцна, ТаIазарш кхочушдон федералан сервисан векалшна тIе а тевжаш, хаам бина ИТАС-ТАСС агенталло. Хьалхо хаам баьржинера цу колонерчу шина тобан тутмакхаш Iуьйранна хIума кхалла реза ца хилла аьлла.

Бакъонашларярхоша дийцарехь, цу акцин бахьана хилла чувоьллинчу шина стаган еттар. Цул тIаьхьа тутмакхаша, неIарш дIа а къевлина, корех ара шаршонаш тесна, тIе яздина «ГIо де» а, «Ницкъ беш бу» аьлла дешнаш а долуш.

ТIаьххьара болчу хаамца, прокуратуран белхахошца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа, тутмакхаш реза хилла шайн акци сацо.
XS
SM
MD
LG