ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТейогIучу хенахь Шемана герз дохка дагахь яц Оьрсийчоь


Шемана герз дохкар хьокъехь йолу контракташ кхочуш йийр ю Оьрсийчоьно аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча волчу Ушаков Юрийс. Цо дийцарехь, цу тайпа контракташ кхин ян дагахь яц Оьрсийчоь Асад Башаран Iедалшца.

Хаьлхо МИГ корпорацин инарла директоро дIахьедар динера Шемарчу делегацица дийцарш дIахьуш ду шаьш Москох, царна МИГ-29 олу тIеман кеманаш дохкар хьокъехь аьлла. Цо дийцарехь, уьш дагахь бу Димашкъана иттех сов цу тайпа кема дохка.

Ши-кхо де хьала цхьаболчу Оьрсийчурча зорбан гIирсаш хаам бинера, Оьрсийчоьно Шемана С-300 олуш йолу ракетийн комплексаш ца йоьхкина аьлла. Амма Еарин дийнахь Башар Асада хаам бира, цу комплексийн хаьлхара дакъа дIакхаьчна шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG