ТIекхочийла долу линкаш

Чолхе хьал кхайкхийна Джеты-Огузехь


Еарин дийнахь тасадаларш хилар бахьана долуш Джеты-Огуз кIоштахь чолхе хьал кхайкхийна ГIиргIизойчоьнан Iедалша. Цу территори тIехь болх беш хир ду комендантан сахьт. Цу тайпа хьал дахлур ду гергарчу 10 дийнахь.

Интерфаксо бинчу хаамца, ницкъаллин структурийн белхахой а, бахархой а тасабалар бахьана долуш лазийна ву 55 стаг. Царах 13 милцо ву. Лазийна волу 5 стаг дарбан хIусамехь ву. Масийтта стаг дIалаьцна Iедалша, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, къепедацарш вовшахтохарна. Джеты-Огуз кIоштахь акциш юьйлаелла кхо де хьалха. Масийтта бIаь стага дIакъоьвлинера Кумтор олучу дашо доккхучу метте боьдуш болу некъ.

Манифистацехь дакъалоцуш болчу наха доьхург дара Канадерчу инвесторша бина барт бохабар а, меттигерчу нахана соцаиалан хаьшташца гIо дар а. Кумторехь дашо доккху белхаш дIахьош ю Канадера «Центерра голд» олуш йолу компани
XS
SM
MD
LG