ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа жима кема чудеана Оьрсийчохь


Кхин а цхьа жима кема чудеана Ростох-кIоштахь. ТIаьххьара болчу хаамашца, цхьа стаг велла, кхин цхьаъ лазийна ву. Орцаллин министралло бинчу хаамца, юьртабахаман белхаш деш долу и кема охаьдоьжна Буденовская олучу станицина гена доцуш. Хилларг хIун ду къастош бу говзанчаш.

Кху тIаьхьарчу хенахь масийттоза хилла цу тайпаниг Оьрсийчох. Кху деношкахь, виъ стаг а леш, ши кема доьхна Краснодар-кIоштахь. Кху беттан 15-чу дийнахь ши пилот а лазош Ставропол-кIоштахь а дуьйхира юьртабахаман белхаш дIахьош долу кема.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG