ТIекхочийла долу линкаш

«Чалтачшна дуьхьал марш» дIаяхьа бакъо елла оппозицина Москох-гIалин Iедалша


«Чалтачшна дуьхьал марш» дIаяхьа бакъо елла оппозицина Москох-гIалин Iедалша. Цуьнан декъашхой буьйлалур бу Калужская майданера Якиманка ураме кхаччалц. Цуьнах лаьцна хаам бина шен Facebook-хь йолчу агIонехь «АьрроагIор фронтан» коррдинатор волчу Удальцов Сергейс.

Цу акцехь дакъалаца мегаш ву 30 эзар стаг. Цу наха гIортор йира ю шо хьалха Болотная майданахь хиллачу къепедацаршкахь дакъа лаьцна аьлла чубоьхкинчу шайн накъосташна.
XS
SM
MD
LG