ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тодашев ИбраьхIиман дакъа цIа дар Iалашонца Iамерке воьдуш ву цуьнан да


Iамеркехь, ФБР-н белхахочо герз а диттина, вийна волчу Тодашев ИбраьхIиман дена виза елла Цхьаьнатоьхначу Штатаийн Iедалша. Цуьнах лаьцна журналисташка хаам бина юкъараллин жигархочо Саратова Хедас.

Цо дийцарехь, ПIераскана сарахь Тодашев ИбраьхIиман дега Тодашев Iабдулбакъега телефон тоьхна Iамеркан Москох йолчу консулствера. Цигахь хаам бина Тодашевга шаьш виза схьа а йиллина, кехаташ схьаэца ван мегр ду аьлла. Саратовас дийцарехь, кеманна билет эцначул тIаьхьа Флориде ваха новкъа вала дагахь вара Тобашев Iабдулбакъи.

РИА «Новости» агенталло бинчу хаамца, иза хIиндале а новкъа ваьлла, шен къентан дакъа ца дан дагахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG