ТIекхочийла долу линкаш

Туркойчохь яьржаш ю дуьхьалонан акцеш


Уьстмалахь дуьхьалонан акцеш хиларх Таксим-кIоштахь йолчу майданна рекострукци яр сацор дац аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдохIан Реджепа. Цо дийцарехь, гергарчу хенахь къепе меттахIоттор ю Iедалша махкахь. ЭрдохIана кхайкхам бина демонстранташка, дуьхьалонан акцеш сацае аьлла.

Шоьтан дийнахь ЭрдохIане преьмер-министран дарж дита бохуш кхайкхамаш а беш, Таксим мадане баха гIоьртира демонстранташ. Амма уьш дIасалаьхкира полицино.

Масийтта де хьалха ГIези паркехь дитташ дIахьакхарна дуьхьал йолийна акцеш хIинца дуьхьал яьхна Iедалан политикана. Дуьхьалонан акцеш юьйлалела кхечу туркойн гIаланашкахь а.
XS
SM
MD
LG