ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстанехь дIахецна Жанаозенехь нах карзах бахарна чувоьллина 6 стаг


2011-чу шарахь Казахстанехь Жанаозенехь къепедацаршкахь дакъалаьцна аьлла чувоьллина волу 6 жигархо маьрша ваьккхина Iедалша. Царна юкъахь ю цхьа зуда а. Царна хенаш тоьхнера деъа шарна тIера 7 шаре кхаччалц. Казахстанан Лаккхарчу кхело яц йина и хенаш арахь даккха шина шеран тIе кхаччалц.

И нах бехке бинера 2011-чу шарахь Жанаозенехь Iедалшна дуьхьал хьажийна манифистацеш вовшахтохарна. Цу акцин деъкашхой дIасалохкуш вийра 16 стаг. Карарчу хенахь набахташкахь вуьсуш ву Жанаозенехь хилларг бахьана долуш чувоьллина волу масийтта юкъараллан жигархо а, белхало а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG