ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн байракхан Нохчийчура мах


Оьрсийн журналисто Реут Андрейс яьккхинчу видеон кийсак, Мангал-бутт, 2013
Оьрсийн журналисто Реут Андрейс яьккхинчу видеон кийсак, Мангал-бутт, 2013

Оьрсийчура РБК телевизионан журналисто Нохчийчохь урамашкахь цIано ечу зудара хьаькхна буц оьсрийн байракхна юкъахь дехьайоккхуш яьккхинчу видеокийсако йоккха гIовгIа яьккхина Нохчийчохь. Республикан куьйгалхо эргIадвахана ву, ша тIе а кIабина, дууш, молуш кхобуш болчу Москохара журналисташа цу тайпа бинчу тешнабехках. И гIуллакх хилла, Кадыров Рамзана, массо хIума йистах дитина, ерриг республикина оьрсийн а, нохчийн а пачхьалкхан симболш а, гимн а Iамор тIедиллинчу юкъанна.

РБК телеканало Оьрсийчоьнан байракх тIехь нохчийн зударша нехаш дIакхуьссуш гайтар нажжаз дарал сов,берриг Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн лахара мах хадош,эхье,осал хIума санна дийцаре деш ду вайнехан юкъараллехь.

Нохчийчохь цу Оьрсийчоьнан байракхан гонах гIовгIа яккхарна куьг бехкениг ву РБК телеканалан белхо Реут Андрей.Официалан хьостанаша чIагIдарца ша кхузахь,мехкан куьйгалхочунца биста кхаччалц дууш-молуш , веза-воккха лелийначул тIаьхьа,тешнабехкаца туху урс санна,цу журналисто ша Москох дIавахначул тIаьхьа жимма хан а ялийтина сюжет гайтина нохчийн зударша Оьрсийчоьнан байракхах шаршу а йина,и кIела а туьссуш, цу тIехь нехаш дIакхуьссуш.

ЦIано еш хилла зударий муьлш бу хиъна.Царех цхьаъ ю Максаева Селимат. «Шайна тIе кхо стаг веънера - ши оьрсий а, цхьа нохчо а. Шаьш Соьлжа-гIалех кино йоккхуш дара, дIо нехаш цигара сехьа яьхча доккха гIуллакх дора-кх аша цара аьлчи,охашимма уьш дIанехьа а дера ехира,цара тхойга ахча а кховдийра».Ишта къамел дина цу хьокъехь Максаева Селимата.Цо дуьйцург бух болуш хиларан даре дина циггахь мангалца буц хьокхущ хиллачу Гараев Ислама а.

Официала боцчу хаамца цу шина оьрсийчуьнца хиллачу нохчочун лорх кхиа гIерташ бIаьрга сара кхетча хьийзаш ду меттигера Iедал.МогIарерчу бахархошна хетарехь,гуш лаьтташехь Москохарчу хьешашка харцонийн бух тIехь тешнабехк байтина нохчо мила ву хаахь цо хIумма а са оьцур яц.

Ткъа карарчу хенахь массо тайпа хаамийн гIирсашкахула,кар-кара а оьцуш шуьйра дийцаре деш ду,Реут Андрейс бахьна а доцуш кхолла а кхоьллина дIасабаржийна байракхах лаьцна хаам бохуш.

Цхьаболчу бозуш боцчу тергамхоша кхеторехь,шена бакълена а Оьрсийчоьнан байракх дош хеташ хиллехь,цо и кIадин перза а хеташ,лоруш хиллехь цо цкъаллига цкъа а шена могуьйтур дацара иза нехаш бухаяржо.Кхузара хаттар хIоттало: журналисто кхин сий деш ца хилча пачхьалкхан байракхан мел сий-лераме хила йогIу иза могIарерчу оьрсашна а,нохчашна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG