ТIекхочийла долу линкаш

Юха а дIовш даьлла нахана Шелковски кIоштахь. Оршот буса дарбан хIусаме кхачийна ткъе иттех дархо. Дийцарехь, цIахь бина кхача бухкуш туьканара мерза хIуманаш йиинчу нахана дIовш даьлла. Iедал дикка тIехьажа деза, наха цIахь ян а еш, юхкучу юучу хIуманна, аьлла хеташ бу цхьаберш. Вуьйш саготта бу, Iедална цу гIуллакхах гIуданаш детта бахьана даларх.

Шелковский кIоштерачу массийта оьвлара ткъе иттех стаг ву ша верг дIовш а даьлла, дарбан хIусаме кхачийна. Цигара дукхахберш дIа цIа бахийтинера, амма, I3-I4 стаг, чувижо дезнера, церан могашаллийн хьал дика доцун дела. ДIовш даьллачарна юккъахь 9 бера ду. Полицино а, талламан комитето а, нах ун даьлча санна цомгуш хилар, талла долийча, къаьстина, цара массара а, меттигерачу цхьана туьканахь юьхкуш йолу мерзачуьнах цхьаъ эцна хиллийла. Хилларг къастина даллалца и туька дIакъовлина Iедалша.

Шелковски кIоштехь хилларг даре дира, Нохчийчоьнан могашаллийн министраллера векало Ибракова Асета.

Ибракова Асет: «Селхана буьйсана 11 сахьт далле, цомгуш хилла болу нах балийна дарбан хIусамашка. 28 стаг ву иза. Юучуьнах дIовша далар шеко а йолуш кхачийна уьш. Гарехь пирожни а хила мега иза. И туька а дIакъоьвлина. И пирожнеш а схьаэцна. Вуочу хьолехь бац нах. Цхьаберш цIа хецна».

Нохчийчохь тахана дукха даьржина хIума ду, цIахь а еш, яа хIума йохкар. Бепиган тIера, мантеш а, пирожнеш а, торташ а йо. Дукхачу зударша цIахь жижиг-галнаш деш, галнаш луларчу туьканар оьцу. Ишшта ахфабрикаташ цIахь а еш, къаьстина Соьлжа-гIалахь дукха меттигаш ю. Шаьш еш йолу хIума дика ца хилча, цкъа эцначо, юха ца эцарна а кхоьруш, дукха чIогIа лерина йо шаьш иза, боху Румиса цIе йолчу зудчо.мантыш а , пельмениш а, галнаш а еш йолчу меттиган долахо ю иза.

Румиса: « Дукха хан ю ас цIахь болх беш болу. Iедал тIе а хьожу тхуна. КIайн кучмаш а, коьртах хIума а йолуш ву ша мел волу белхахо. Дукха цIена а лелайо оха и хIума. Мантыш а пельмениш а, керла жижиг бен юккъе а ца дохуьйтуш лелайо оха. Галнийн а, мантийн а , шен латторан хан ю. ДIакхъоьхьуш тхайн белхахой а болуш, дукха чIогIа еш ю-кх оха иза».

Нахана, атта ду, шайгара хIума эцча. Дикалла, цIахь еш санна ю шай, цундела, оьцучеран рагI хуьлу шай аьлла кхин дIа а дийцира Румисас.

Румиса:
«РагI хуьлу тхуна. ЦIа а кхоьхьу оха. Iуьйрана балхахь хичла. Сарахь чу боьлхуш, яа хIума кечъян йиша ма ца хуьлу зударийн. Цара оьцу тхоьгара. ДIовш долучу агIора оха деш цхьа а хIума дац. Деккъа жижигах ца еш цхьаболчара хIума леладо. Жижиган тIе цхьа коста жижиг а тухий, йо. Оха деккъа жижигах йо».

ЦIахь еш йолу хIума оьцуш хилча, шай дагадеана а дацара, церан хене хьажа, боху Ализа цIе йолчу зудчо. Шена, гуттара а моьттура, Iедало йинчуьлла гIоле хира ю наха цIахь йинарг. ХIинца гарехь, ша нийса ца хилла-кх, аьлла тидам бира цо.

Ализа: «цIахь еш хилча и хIума, дага а ца деъна, цуьнан дикалле а , хене а хьажа, имза дика хира ю олий. Теша а тешаш схьаэцна, вайнаха цIена еш хира ю аьлла. Амма, хIинца хиллчао, гойту, ларвала везимйла. Цхьанна а тайпана Iедалан Iуналла деш дац оцу хIуманна. ЦIахь ечу хIуманна латторан хан а ца хуьлу. ХIинца кхерам бу царах, Iедал йоцург эца ваьхьара воцуш.

Маршо радио: «Ткъа Iедал ерг, дика ю-кх, хоьга хаьттича?».

Ализа: « Iедал йолчуьнах мелла тешам бюу. Цу тIехь лаьтташ хан ма ей. Кхеле а бала йиша а ю».

Нохчийчохь белхан меттигаш ца хилар бахьанца, ишшта дукха меттигаш йоьллу зударша, цIахь кхача кечбеш йолу. Массарна а тIехь тидам бан безара, оьцучеран и ахфабрикаташ каркхачале, аьлла кхиин дIа а дуьйцу Ализа цIе йолчу зудчо.

Ализа: «Iедалан белхан меттигаш ца хилар бахьанца беш ма бу наха и болх. Мантыш а, пельмениш а, галнаш а, яр болх баьржина бу цIахь. Цунна тIе тидам а бахийтина, ян нахана белхан меттигаш йина а. ян цаьрга уьш ца йохкийтина а, Iуналла дан деза-кх Iедалша. Нахана тIаккха дIовш ца долуш хIума а хира дара».

Шелковский кIоштахь доьххьара хуьлуш дац, цу тайпа нахана дIовш далар. 8 шо хьалха, ца хуучу бахьанца, ишколашкара зудабераш долу дешархой цIеххьана цомгуш хиллера. 2-3 де далле, 45 стаг вара кIошта а, Соьлаж-гIалийн а дарбан хIусамашкахь. ХIета, иза, хIун бахьанашца хилла а ца хиира.
XS
SM
MD
LG