ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Анна еран гIуллакх юхаталла долийна


Москох-гIаларчу кхелехь керла процесс йолаелла, «Новая газетин» журналист Политковская Анна еран гIуллакхехула. 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь йийнера иза, Москохарчу шен хIусамна чуйоьдучехь.

И гIуллакх дуьххьара толлучу 2008-гIий, 2009-гIий шерашкахь бехк-къасторхоша бехказа леринера кхеле озийна хилла полисхо болх бина волу Хаджикурбанов Сергей, МахмудовгIар вежарий – Джабраил а, ИбрехIим а, подполковник Рягузов Павел а.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу Кхелан тIеман коллегино и сацам керстабина. ГIуллакх юха а ша хьалха хиллаче юхадахьийтина.

Бехке бечеран гIантахь пхи стаг ву – Гайтукаев Лом-Iели, цуьнан йишин кхо кIант – Рустам, ИбрехIим, Джабраил а МахмудовгIар, Хаджикурбанов Сергей а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG