ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бохамаш бина Европехь хаддаза доьлхучу догIанаша


Германехь, Австрехь, Чехехь хаддаза доьлхучу догIанаша хиш дестийна. Даккхий хиш тIедевлла ца Iаш, вуно дукха кегий хиш а Iанийна. Юккъерчу Европехь хиш тIедовлар, хIокху тIаьхьарчу иттех шарахь тIедевллачех уггар чолхе лерина. ХIинцале 6 стаг велла, шайн хIусамаш дIатаса дезна бIеннаш нехан.

ПрахIа гIалахь тахана дIакъевлина ю ша йолу школаш, кхин йолу доьшийлаш а. Метро дIакъевлина ю. Автобусийн а, тармвайн а болх дика дIа ца боьду.

Доккха историн маьIна долу шира гIала ларъян гIерташ, Влтава хина йистехь дуьхьалонаш яйтина Iедалша. 3 эзар стаг кхечу метте дехьаваьккхина.

Зоопаркера дийнаташ а дIайига дезна кхерамазалла йолче. Хенан хIоттаман говзанчийн хьесапехь, хIокху гергарчу деношкахь догIа лагIадала деза. Амма цкъачунна, сара санна догIуш ду догIа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG