ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь химин герзаш лелийна девнан шина агIоно


Шемахь адамийн бакъонаш талхор талла кхоьллинчу, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин рапорто бахарехь, химин герз лелийна меттигаш гучуевлла.

Цу документо чIагIдарехь, девнехь лаьттачу Шемара шина а агIоно хIокху шеран Зазадоккху а, Охана а беттанашкахь химин герз диазза лелийна хиларан тоьшаллаш ду экспертийн карахь. Цу хьесапан дайша билгалдоккху, цкъачунна хууш дац, муьлха дIаьвше гIирсаш лелийна а, уьш лелон бакъо елларг мила ву а.
Рапорт кечдеш пайда эцнера Шемарчу девнехь зе хиллачарца а, лоьрашца а, кхечу тешашца а динчу къамелех.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин хьесапехь, шина шарахь сов бахбеллачу тIамехь вийна 80 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG