ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мангал-беттан 20 дийнахь бехк-къасторхой харжар долор ду Политковская еран гIуллакх къасточу кхелехь


Карарчу беттан 20-чехь «Новая газетин» журналист Политковская Анна еран гIуллакх толлучу кхелехь дакъа лоцур болу бехк-къасторхой харжар долор ду. Кхеле озийначу пхиаммо а дехна, бехк-къасторхойн кхел дIаяхьар. Бехке бечеран гIантахь пхи стаг ву – Гайтукаев Лом-Iели, цуьнан йишин кхо кIант – Рустам, ИбрехIим, Джабраил а МахмудовгIар, Хаджикурбанов Сергей а.

Оццу хенахь, кхело юхатоьхна, гIуллакх прокуратуре юха хьажаде аьлла, дина хилла дехар. Цу гIуллакхехь дуккха а гIалаташ а ду, талламхоша цу юкъара цхьа моггIа материалаш схьа а эцна бохуш чIагIдинера адвокаташа.
Бехке вечуьнан цхьаннен адвокато Арсамерзаев Сайд-Ахьмада дIахьедар дина, бехк-къасторхой къаста а бале, адвокаташа суьдхо дIаваккхар доьхур ду, иза цу гIуллакхан цхьана агIо лаьцна ву, аьлла.

2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь йийнера Политковская Анна, Москохарчу шен хIусамна чуйоьдучехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG