ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш тIамца баьхкинчу республикан омбудсмене латкъамаш бо оьрсийн эскархоша


Косово -- Косован Кхерамазаллин Ницкъийн векал ву 1998-99 шерашкахь ехкина хилла минаш а, эккхаза дисина молха а лохуш, 17Сти2013
Косово -- Косован Кхерамазаллин Ницкъийн векал ву 1998-99 шерашкахь ехкина хилла минаш а, эккхаза дисина молха а лохуш, 17Сти2013

Нохчийчуьрчу адамийн бакъонашкахула волчу векале Нухажиев Нурдига, шайна догIуш долу алап схьадалийтарна тIехь гIо дехна, махкахь болчу эскархойн саперийн цхьана тобано. Контрактаца лур ду аьлла долу ахча аьттехьа а луш дац шай бохуш арз дина цара. Ткъа, юккъараллехь цецбовлар бен кхин хIума ца дисна, сел лекха алапаш стенна луш ду, шаьш ехкина йолу минаш дIайохучу эскархошна аьлла.

Иттех шо а ца эшна, Нохчийчохь дерриге хIума коьрта тIера кога хIоттон. Оцу хенахь махкахь, некъашца лелачаьрна уггаре а кхераме болчарах бара, сапераш. ХIора дийнахь шозза, шай техника лелачу меттигашкахула талламаш бора цара. Хийла машенна а, цу чохь болу нах а бойуш, герзаш диттина меттигаш ю.

Тахана хьал хийцаделла. Селхана, бакъонаш йохош хилла болу оьрсийн эскархой, шаьш а бу, тахана, арз деш, шайна алап луш дац бохуш. Нохчийчуьрчу бахархойн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдига, гIо дехна, Соьлжа-гIалахь Ханкала базехь волчу 5 эскархочо. Муха йохош хилла церан бакъонаш, маршо радиога дуьйцу Нохчийчуьрчу адамийн бакъонийн векалаллийн белхахочо Джабраилов Шамада.

Джабраилов Шамад: «Массийта салтийчо нохчийн омбудсмена Нухажиев Нурдийн цIарах яздина кехаташ даийтина, шай бакъонаш йохъош ю аьлла. Салтий шаьш эскаре боьлхучу хенахь, царна лекха алап а хира ду60-70 эзар сом, премиш а, кхидерг а хира ду аьлла хуьлу. Ткъа, хIинца, шаьш болх беш дикка хан ялахь а, и барт кхочуш беш бац куьйгалло, лура ду аьлла долу ахчанаш а дац луш боху цара. Цу тIехь накъосталла доьху цара. Шай буьйранче аьлла цара, амма, гIуллакх ца хилла. Нухажиевс тIеман прокуратуре яздина, амма, жоп хIинца а кхачанза ду».

Оьрсийн эскархоша дуьххьара деш дац нохчийн бакъонашларъярхошка цу тайпа аьрзанаш. Дукхачу хьолехь, шайна гIо дар цара доьху, хIоттинчу контрактаца хила дезаш долу ахча луш дац олий. ХIинцалера болу сапераш-эскархой болчу тIеман декъера стохка а дина цу тайпа арз бохуш, тидам бира Джабраилов Шамада.

Джабраилов Шамад: «Цу тайпа аьрзанаш тхуна дIадаханчу шарахь массийта деъна. Цу тIехь оха болх бина. Царна догIуш долу ахчанаш а дIадалийтина. Тхуна и аьрзанаш динарш а, № 45767 тIеман декъера эскархой а бу».

Минаш Нохчийчуьра дIаяхаран бала дукха ира лаьтташ болун дела, хIора шарахь аьлча санна, айдой дуьйцу Iедалша, амма, цхьацца бахьанашца и гIуллакх юхатуьтту. Итт шо хьалха, оццу саперашна дицделла хира ду, шаьш нах кхузахь муха хьийзина некъашца, бохуш церан бакъонаш йохош ю аьлла шена хезча, дийцира Бекхан цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочо.

Бекхан: «ХIинца уьш гIо доьхуш бу. Хьалха-м цара цхьа а стаг дIавала а, схьавала а ца вуьтура. Шайцаний улле а хIиттабой дIабуьгура цара нах, эккхар ца дайта. Хийла стаг дIавигира цара, хийла стаг вийра цара. Хийла латтабора, лаьттах вахь а вуьллий латтабора. Ишшта нах хьийзина цара цу хенахь. ХIинца-м ахча ло бохуш гIо доьхуш бу хIорш».

Ишшта, могIарера вахархо Бекхан цецваьллера, минаш дIайохуш бу бохуш лелачу саперашна ишшта даккхий ахчанаш луш ду аьлча. Царна лучу ах мехах, царчулла дика болх бийра бара шаьш нохчаша, аьлла тидам бира цо.

Бекхан: «100 эзар ахча шена делча-м муьлхачу стага а схьайоккхура ю мина. Оццула царна ахчанаш а луш, цхьана шарахь болх бича, дIаяхалура йолу и минаш дIайохуш яц цара. I0-I3 шо ду и гIуллакх ишшта лаьтташ. Шаьш йихкинчу минийн картанаш да ма ду цаьргахь. Жимма Iама а бина нохчаша, 50 эзар сом алап хIоттича, шаьш а схьайохура яра уьш цаьрга а ца хьоьжуш. Шай мохк буй а хууш, шай бераш а , шаьш цу тIехь лелхара дуйла а хууш леррина дIайохура яра уьш нохчаша».

Оьрсийчохь тIеман министраллехь куьйгалла а хуьйцуш, хIума дича, гучудаьллера, гIишлошъяран тIехь цигахь даккхийчу бозбончаллийца ахчанаш лечкъийна хиллийла. Нохчийчуьрчу коьратчу тIеман базехь Ханкалахь а изза сурт дара. Амма, тIеман прокуратуро талла дуолийна долу гIуллакхаш, сихха дижийра.

Маршо радиога, шен цIе ца яьккхар а доьхуш, Азербайджанера цхьана вахархочо дийцира, эскархойн гIишлошъярхошца шен а цхьа фирма яра аьлла. Амма, церан кегар гучбаьлча, цара ша а шайна тIеххье жоьпе уозавайтира аьлла. Шен кхин дан хIума ца дисира, фирма дIа а къоьвлиина, 3 миллион сом ца кхоччуш ахча а делла, шен доьхьала долийна долу гIуллакх дIакъовлийтар бен, бохуш вара Нохчийчу болх бан веана волу азербайджанхо.

Хьал дан а ду, «цхьанненна тIом, кхечунна вина хьоме нана».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG