ТIекхочийла долу линкаш

Туркойн вице-премьере шайн билламаш дIабелла дуьхьалонан акцийн делегацино


Туркойчохь дуьхьалонан акцешкахь дакъа лоцучара кхайкхам бина Уьстмалан а, Хьонкаран а, кхин а цхьамоггIа гIаланийн а администрацийн хьаькамаш а, акцешка арабевлла хиллачу нахана тIехь ницкъ бина болу полицин кьуйгалхой а белхашкара бохабе, аьлла.

Дуьхьалонан акцино векал йинчу делегацино дIахьедар дина Хьонкарахь, шайн туркойн вице-премьерца Арынч Буленчица тахана хиллачу цхьанакхетарехь. Цига баханарш бара Уьстмалера Таксим майдане дуьххьара машаран акце арабевлла хилларш.

Цул сов, цара тIедиллира, Таксим майда юхаяран планаш хийцар а, лецна болу дуьхьалонан акцийн декъашхой мукъабахар а, полицина бIаьргах хи туьйсуьйту газ лелор дехкар а, иштта, махкахь дешан маьршо алссам хилийтар а.

Тахана хьалхуо полицино хи туху тоьпех а, кIур боккху тIеман гIирсах а пайда ийцира Уьстмалера а, Хьонкарера демонстраци дIасалоллуш.
Даханчу пIераскан дийнахь Уьстмалехь йолаелла акци, Таксим майда юхаян йолчу Iедалийн планашца йоьзна яра. Полицино ницкъ лелон болийча, цунах Iедална дуьхьал йолу демонстраци хилира дукха хан а ялале. Кхечу туркойн гIаланашкахь а акараийцира иза. ХIинцале ши стаг велла цигахь хиллачу къепедацаршкахь.
XS
SM
MD
LG