ТIекхочийла долу линкаш

Обама Баракан уллера политикан накъост Райс Сюзан къоман кхерамазаллин хьехамчин дарже йоьдуш ю


Iамеркера КIайчу ЦIийнан официала болчу хаамашца, Цхьанатоьхначу Штатийн къоман кхерамазаллин хьехамчин даржера дIаволуш ву Донилон Том. Цуьнан метта хир ю Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Iамеркан векал хилла йолу Райс Сюзан.

Президентан Обама Баракан уллера политикан накъост йолу Райс хIотторо республиканхойн реза ца хилар кхолла тарло. Цара ондда критика йинера Райсана, даханчу шарахь Либера БенгIазехь Iамеркан векаллина динчу тIелатарх лаьцна цо нийса ца динчу дIахьедарна.

Iамеркан администрацино юьхьанцара емал дира Iамеркан Либера векал а, кхин а кхо стаг вуьйш дина тIелатар, иза, нуьцкъала йирзинчу дуьхьалонан демонстрацина бехке а дуьллуш. ТIаьхьуо гучудаьллера, иза хьалххе дуьйна кечдина терроран тIелатар хиллий.

Къоман кхерамазаллин хьехамчин метта стаг чIагIвеш Сенатан пурба оьшуш дац.
XS
SM
MD
LG