ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу нохчашна юха а тешнабехк бина оьрсийн журналисташа


Европехь маситта эзар стаг ву тховкIело йоьхуш, Австри, Вена, 2012
Европехь маситта эзар стаг ву тховкIело йоьхуш, Австри, Вена, 2012

Оьрсийчоьнан телехьожийлаша а, газеташа а кест-кеста айо дозанал арахьа бехачу нохчийн проблема. И маьΙна долуш яра хьалхо «Оьрсийчоь» олучу телехьожийло, Норвегера нохчийн мухΙажирийн дахар масале а дуьллуш, «Европа ца тайна нохчашна» аьлла цΙе а тиллина, кечйина программа. И гайтинчул тΙаьхьа Маршо Радиоца зΙене бийлина Норвегехь беха дуккха а нохчий. Уьш реза бац шайх лаьна оьрсийн хаамийн гΙирсаша дуьйцучунна.




Шайх лаьцна оьрсийн теле-, радио-, я кхечу гΙирсашкарчу журналисташа дукха хьолехь диканиг дийца Ιамийна боцу, оцу хьолах боьлла беха нохчий хΙинца а Ιалур бара тийнна. Амма «КIиранан хаамаш» цΙе йолчу «Россия» телеканало дийцинарг ла ца делла Норвегерчу нохчашка.

Хийрачу мехкашка кхаьчна нохчий шаьш а балехь бохку, бухарчу халкъашна а ца тов, цундела церан дог даймахкехьа, аьлча а, Оьрсийчоьнехьа лаьтта, аьлла бара «Европа ца тайна нохчашна» цΙе йолчу дийцаран чулацам.

Маршонашца, напха даккхадаларца, кхечу таронашца дуьнентΙехь тоьлла ю бохуш юьйцучу Норвегера дара оцу дийцарехь журналистна Емельянова Асина карийна масалш.

Цигара иттех эзар хиллал волу нохчо а, церан эххал хила тарло гΙалгΙай а цхьа дилхах дΙаэяла ца туьгу меже санна бу Норвегина – бухарчара уьш ца бевлла тΙеэцна, ткъа хΙорш цΙабаха хьаьгна бу, бохура Емельяновас.

Нохчийн масалш жамΙе дерзош, шайн махкахочо Брейвик Андерса, дуккха а бераш а дойъуш, зулам дичхьана, сема хьийса боьлла гондΙашхула норвегхой. Ослора маьждиг а царна хΙинца тΙех лекха хета, кΙошташ а тΙех дукха бусулчара дΙалецна, бохуш, леткъа бахархой, дуьйцура оьрсийн тележурналиста.

Нохчий оьрсийн хаамийн гΙирсаша сийсазбар дуьххьара а, тΙаьххьара а дац, амма норвегхошна ца хетарг, цара дийцина а доцург царна тΙе шаьш кхоллийта лерина дац, бохура Маршо Радиоца зΙене бийлинчу нохчаша.

«Россия» телеканало дийцинчух иштта мах хадабо Ослохь ХΙелсинкин комитетан Норвегерчу декъехь болх бечу адамийн бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада.

Гисаев: "Цецвала хIума доцуш, даима а бу оьрсийн журналисташ вайца ямарта. Дика ду, вонаш бу нохчий, тхо доьлла цунах, амма хIу де боху норвегашка, уьш-м бац хIуманна а бехке.

ГIазакхий хьалхо а баьхкинера изза питана таса, йира массех эфир а. Ас кхузахь массаьрга а, норвегхошка, хотту, шайна цара дуьйцург ца хууш-м ма ца Iа хир ду шу, олий. Муьлш бу уьш, оьрсий бу, дуьхьал хотту соьга. Норвегхой баша а ца беша оьрсийн журналисташа аьлла, аьлча.

Брейвик санна нах алсамбовлуш бу Норвегехь, нохчий а, кхидолу тIедаьхкина къаьмнаш а баханехь, мохк дар-дацаршка бокххуш бу Iедало, бусулба нах махка битарца, аьлла, оцу Емельяновас дийцинарг хIинца ца тайна кхузарчу къайлахчу сервисна а, полицина а. Цара терго йийр ю шаьш боху кхидIадолчунна, и тайпа зуламхой кхузахь оьшуш бац"

Бакъоларъярхочунна Гисаев Ахьмадна иштта го ша веха Норвеги а, цигарчу бахархойн амалш а, тΙебаьхкинчу нехан таронаш а.

Гисаев: "Эсалчу норвегашка хIун ден боху. Уьш санна дика къам, оьзда къам дуьненахь кхин дан а дуй те аьлла, вуно дика бу хIара нах. Цкъа а яц я дин лелон а, маьждигаш хIитто а еш дуьхьало. Хьо хьуо адам делахь, хьоьца лаккхара адамалла леладо кхара.

Оьрсийчохь, Нохчийчохь оццу Кадыровс, бIеннашкахь лоьцу бусулба нах, хьийзабо, дихкина дуккха а мехала жайнеш. Ткъа кхузахь- м яц новкъарло янне а".

Нохчийчохь шолгΙа тΙом болабелчхьана дуьйна веха Норвегехь нохчийн яздархо, кинорежиссер Эльсанов Ислам. Къаношна, уьш бухарчу маттах боьлла а, иза хууш а бацарна хила тарло цхьацца цатемаш, амма маттаца проблема йоцчу цхьана а мухΙажирна дуьхьал ца лаьтта Норвегехь халонаш, боху Ислама.

Эльсанов: «Cо кхузахь Iаш волу 11 шо ду. Бухарчу нахаца гIара-гIовгIа я дIасататтар хилла, цара трамвай чохь я автобус чохь, «понаехали» бохуш, Москох санна, я гома хьожуш а ца дайна суна. Кхузахь массо къомах, массо юхьан беснаш долу нах бу Африкерий, шен Скандинавин кхечу пачхьалкхашкарий, Азерий, Iаьрбийн пачхьалкхашкарий – массо а къаьмнаш ду.

Бухара къам муха ду аьлча, вуно машаре, шаьш маьрша а бу хIорш, тIебаьхкинчу нахаца чIогIа машаре а бу хIорш. Цхьа а совнаха хIума доцуш. Масала, тIебаьхкинчаьргара дала тарло, автобус чохь воьдуш - гIовгIа, телефонехула къамел чIогIа дуьйцуш. Амма иза доллушехь, кхаьргара кIоршаме хIума ца долу цкъа а, тIечевхина хIума ца олу. Вайн цIахь доцург ду…»

Европехь, массо а пачхьалкхашкахь санна, ю нохчийн диаспораш. Гергарлонаш церан вовшашца лелла ца Ιаш, ду бухарчу къаьмнашца а.

Хьал муха ду, аьлла, динчу хаттарна жоп цхьаъ хуьлу кхузахь: «Тоьар ду, Дала дика кхобу, даа а ду, доха а ду!» - олий.

Оьрсийчохь, я ша Нохчийчохь дукха хьолехь нислуш йолу моттаргΙа-кеп а яц иза. «Даймохк, гергаранаш, къоман зов ца хазарх хьегарриий бен доцуш, тоьлла ду Европера хьал, амма вайн даймохк маьрша бац-кха цкъачунна», - олу хийлачо.
XS
SM
MD
LG