ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера Бакъонийн Кхел: Оьрсийчоьно адамийн бакъонаш йохайо


Европера Адамийн Бакъонашкахула йолчу Кхело мукIарло дина, террор лелорехь бехке лоручу нехан декъий церан гергарчарга дIадала дуьхьал яларца, Оьрсийчоьно адамийн бакъонаш йохош ю аьлла. Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, декъий дIа ца даларца, Адамийн Бакъонийн Европан Конвенцин ши артикл йохайо Оьрсийчоьно – стеган шен а, цуьнан доьзалан а ларам барца а, динан маьршонаш ларъярца а йоьзна йолу.

Кхеле латкъам бинарш бара 2005-чу шарахь Налчикана тIелатар дича дIаяьхьначу леррина тIеман операцехь вийначу 55 стеган гергарнаш а, Нохчийчоьнан президент хиллачу Масхадов Асланан доьзал а.

Шаьш хIокхунна тIехь а совца дагахь дац, нийсо меттахIотталц къийса дагахь ду элира Масхадовна кIанта Анзора:

Масхадов: Оха хIара гIуллакх долийна а 8 шо хан яьлла. Оха хIетахь дуьйна беш болх бу, кхин дIа а дIахьур болуш а бу. Оьрсий муха бу вайна хууш ду. Царна иза (Масхадов Асланан дакъа) схьалур воций а, вала луур доций а вайна хууш ду. Эзарнашкахь нах бу цара )оьрсийн Iедалша) схьа ца луш. ТIепаза байина нах а бу. Суна ша-дерриг хIинца дIадийца луур дац (оха бечу балхах лаьцна). Тхайн адвокаташца хIоттийна болх бу кхин дIа дезачуьн хьокъехь.

Террорана дуьхьало ярца доьзначу низамашна тIе а тевжаш, байинчеран декъий дIадала а, уьш дIабоьхкина меттиг йовзийта а дуьхьал ду оьрсийн Iедалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG