ТIекхочийла долу линкаш

Байракхаш, байракхаш, байракхаш...


Оьрсийчоь - Оьрсийн байракхан дийнахь кегий нах бу оьрсийн байракх а эцна боьлхуш, Новосибирск, 22Мар2012

Оьрсийчоь - Оьрсийн байракхан дийнахь кегий нах бу оьрсийн байракх а эцна боьлхуш, Новосибирск, 22Мар2012

Шина тIамо гора хIоттийначу Нохчийчоьнан таханлерчу дахарх кхиа лаьа дуккха а нахана. Къаьсттина цига гIур болуш бара Малхбузера журналисташ а, аналисташ а. Амма царна цига баха бакъо ца ло Москохо. Оццу хенахь, Оьрсийчура журналисташ, къаьсттина Москохарниш, хазахетарца тIекIабо Кремлана муьтIахь долчу Нохчийчура Iедало. Амма уьш, Оьрсийчоьнна йолу муьтIахьаллин билгалонаш лаха бен ца боьлху республике.

РБК телеканалан белхо Реут Андрей Оьрсийчоьнан байракх нехаш кIела а туьйсуш,шена цIе ян гIертар керла ца хета цхьаболчу тергамхошна.

Де-е бахьна а я бух а боцуш юкъараллехь гIардаьлла цхьадолу хIума шолгIачу диннахьехь дицлой яханчу хенан «ченашлахь» Iилла дуьсу гуттаренна а.Цу могIарера хуьлчух тера дац РБК телеканалан коьртачу редакторан гIовс волчу Реут Андрейс масех де хьалха Оьрсийчоьнан байракхах пайда а оьцуш яьккхина сюжет,цу тIе а юхкуш вайнехан зударий нехаш дIакхуьссуш хилла боху сурт кхолла гIерташ.

Цхьаболчара кхеторехь и бохург ду Нохчийчоь Оьрсийчоьнах схьаэяла гена ю,хьовсийша мел дош ца хета царна ур-аттал Пачхьалкхан байракх а.Нохчашна иза лераме цахилар гайта,шен кисанна масех эзар соьмана хьокха тоха а дезна Реута,официалан чIагIдарехь.Бакъду хууш дац стенан меха ду цо Оьрсийчоьнан байракх нехаш кIелтуьйсуш лахьяр а,аьшпийн,харцонан агIонча а хилла цо журналистийн цIе йожор а.

Къастам боллуш ала цхьаъ ду – Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш бахархоша тIеэцар а,уьш царех тешар лахделлехь бен лакха ца даьлла. Реута Андрейс байракхца лелийна бозбуанчалла бахьнехь.Кхечу агIор тидча церан,цу хаамийн гIирсийн цIе йожийнехь бен цу журналисто юьхькIаме дина кIадда а дац.

Цо йинарг ямартло лоручех ву Соьлжа-гIалара тергамча Хьасан.Цунна хетарехь и саннарг тергамза дуьтийла дан а дац.

«Суна иза бухадиллина цхьа хIума а долуш ,лие,цхьа бахьана даккха дина хIума ду-кх иза .Ямартло ю-кх.Оьрсийн хаамийн гIирсех тера догIуш хIума ду-кх.ХIинццалц шаьш лардеш долу гIиллакх кхочуш а деш схьабогIуш бу-кх».

Соьлжа –гIаларчу юристана Бавди тешна ву Реут Андрейгара яьлларг ледарло яц,иза цо хаа а хууш,ша хIун до кхета а деш дина зулам ду аьлла.Кхузара боху Бавдис гIуллакх меттигерчу хаамийн гIирсаш мА диццара делахь цунна кхело таIзар дан а сахьт дац.

«Реутца хиллачу нохчочунна валар гIоле ю,шен гергарниш хьийза а ца бойтуш. Ткъа Реута Андрейса йинарг преступлени ю.Балхара дIа-м хIети а,вети а ваккха декхар ду иза цо дина бохург бакъ делахь.Цуо динарг хаамийн зулам а ду,гуш лаьтташехь харцо яр а ду».

РБК телеканалан журналиста Реут Андрейс ,шен цIе айа делахь а,я хIуьттаренна-гамонна делахь а,вайнехан зударий а Iехош, Соьлжа-гIалахь Оьрсийчоьнан байракхца нехаш дIакхуьссу сурт хIоттош,телевизионехь харцо Iораяккхар,цхьаболчара кхеторехь- иза Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашна тамаше хIума-м муххале а дац,мелхо а церан белхан цхьа кеп-агIо ю.

«Хаамийн гIирсаш а ,нохчех хье боцу къиза зуламхой а беш,зорбане йоху жарганаш а йоцуш,кху тIаьхьарчу II-I2 шарчохь цара Нохчийчоь а,вайнах а хьехош яьхна исбаьхьаллин фильмаш тоьур ю кхин хIумма а ца хилча а.Цаьрга хьоьжуш вуно чIогIа цецвуьйлу хьо церан фантазех,тIехула мукъана а вайнехан Iадат, гIиллакх-амал йовза а ца гIуртуш,цара мел яьхна и кIорге а,я кхане а йоцу кинош.

Цу кеппара къамел до Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсех а,киностом-продукцех а Нохчийчохь дика вевзаш волчу байтанча-гочдархочо Хатаев Хьусайнас.

Цунна хетарехь,юьхьанца кхиаме а хеталуш, цу кепарчу харцонийн бух тIехь арахоьцучу ирташа а,хьожийлаша а Оьрсийчохь барт-машар чIагIбарехь а,цуьнан кхерамазалла лакхаяккхарехь а дика болх ца бо.
XS
SM
MD
LG