ТIекхочийла долу линкаш

Москох дIабахьа кечбечу, гIалгIайн къоман «альтернативан гуламан» дех цхьаъ волу Татиев Илес лаьцна Москох


Оьрсийн официла болчу хаамашца, Москох лаьцна ГIалгIайн Къоман Конгрессан вовшахтохаран комитетан куьйгалхо, хьолада Татиев Илес. ГIалгIайчохь иза бехке веш ву боху, даккхий бозбуунчаллаш лелорна.

ГIалгIайн Чоьхьарчу ГIуллакхийн министралло бечу хаамца, Татиевс 2011-чу шарахь юхалург 20 миллион сом схьа а эцна, дIа ца делла.

ХIокху кIирандийнахь Москох дIабахьа кечбечу, гIалгIайн къоман «альтернативан гуламан» дех цхьаъ ву.

Евкуров Юнус-бек республикан куьйгаллера дIаваккхарца а, маьрша харжамаш дIабахьийтарца а хаттарш дийца дезаш дара цу гуламехь вовшакхеттачу декъашхоша.
XS
SM
MD
LG