ТIекхочийла долу линкаш

Дагестанна ца еза терроризм - еза туризм


Яхначу заманашкахь 250 эзар турист вогΙура Дербенте шарахь. ЮНЕСКО-с ларъян кхайкхина а ю цигара гIап. Рузбан маьждиг ду гΙопана гена доццуш. 734-чу шарахь дина, Оьрсийчохь уггаре шира маьждиг ду иза. БΙешерашкахь гΙопана шортта дай бевзина. Юьхьанца уьш хилла гΙажарой, тΙаккха Ιаьрбий, иштта кхин а. Амма 1813-чу шарахь Оьрсийчоьнна кхаьчна. Гιаппий, маьждиггий – коьрта мехаллаш ю туризман керлачу проектехь. Цо бахарехь, ткъолагΙа шераш дерзале 1 миллион турист вогΙур ву Дербенте.

XS
SM
MD
LG