ТIекхочийла долу линкаш

ГΙажарийчоьнан президентан кандидаталлера ваьлла бархΙаннах цхьаъ



ТΙедогΙучу пΙераскандийнахь ГΙажарийчохь хинболчу президентан харжамашкара шен кандидатура юхаяьккхина парламентан спикер лаьттинчу Хьадда Ιадел Голам Ιелас. Оцу хьокъехь ша динчу дΙахьедарехь, къоман лидеран ХΙоменаи-аятоллаца гергарлонашкахь волчу Хьадда Ιадела ца довзийтина бахьана. 700 лаамхочух Мехкан Революци Ιалашъярхоша къастийначу 8 кандидатах вара иза.

Бухабисинчу кандидаташлахь ву мехкан зарратан программа дуьненца йийцаре ечу тобан хьалханча Джалили СаΙид, экс-вице-президент Резаи Мохьсен, Ιеламча РохΙани Хьасан, университетан профессор Ареф Мохьаммад Реза, ТехΙеранан мэр Бакер Мохьаммад, зΙенан министр Ιийна ГΙарази Мохьаммад, арахьарчу гΙуллакхийн министр лаьттина Велаяти Ιела Акбар.
XS
SM
MD
LG