ТIекхочийла долу линкаш

Гуглна а, Фейсбукна «тΙехевшина» Ιа къайлаха сервисаш



29 шо долчу Ιамеркахочо, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисашкахь болх бинчу Сноуден Эдварда дΙахьедина «Вашингтон Пост» а, «Гардиан» а газеташкахула, ша декъахь хиллачу хьукматаша къайлаха дΙаяздеш ду бахархоша телефонашкахула ден къамелаш а, цара интернетехула, ма-дарра аьлча, Гуглехула а, Фейсбукехула а вовшашка яздийриг а, аьлла.

Карарчу хенахь шен махкара ведда къайлаваьлла ву Сноуден. Ιамеркан векалша тΙалам боцуш а, пачхьалкхана кхераме а лору цо дина дΙахьедар.
XS
SM
MD
LG