ТIекхочийла долу линкаш

Мотт тоьхча а таΙзарх хьалха ца ваьлла Торшхоев



Шен лаамца Москох ФСБ-н караваханчу тΙемалочунна Торшхоев ИбрахΙимна дуьхьал террораца доьзна гΙуллакх айдина Оьрсийчоьнан Талламан Комитето. Ши бутт хьалха Торшхоевс Хьалхарчу каналехула дийцира «Домодедово» аэропортехь динчу эккхийтарна Кавказ-Имарато бечу кечамийн декъахь вара ша, аьлла.

ХΙетахь цо емалбора тΙеман баьччин Умаров Доккин го, йовзийтира гΙаттамхойн цхьацца къайленаш. Шен лаамехь Ιедалан каравахна Торшхоев «Лефортово» набахте кхачийра. Чоьте ца эцна ницкъаллин урхаллаша Торшхоевс шайна мехала информаци елла хилар.
XS
SM
MD
LG