ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдогIана емалбо гуламхой



Туркойчоьнан премьер-министрна ЭрдогIан Реджепна хетарехь, Уьстамалахь а, мехкан кхечу регионашкахь а протесте арабевллачу наха юхьарлаьцна харц политикан программаш. «И нах Турцин имидж эшон гΙерта», - элира цо шинарий дийнахь ХΙонкарахь, парламентехь, ша динчу къамелехь. Кхаарий дийнахь Эрдоган цхьаьнакхетар ву оппозицин лидершца.

Уьстмалара Таксим майда лаьцна Ιачу гуламхошна дуьхьал бΙаьргех хидоккху газ а, гΙараяржаен гранаташ а, хитуху машенаш а ехира полицино шинарий дийнахь. Протестхоша дуьхьалкхуьйсура цΙеяржаен шишанаш. Ши кΙира кхочуш лаьтта Уьстмаларчу Таксим-майданахь синкъераман парк йогΙарна дуьхьал гΙевттина гуламаш ерриг а Туркойчухула баржабуьйлабелла.
XS
SM
MD
LG