ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корейхой сиха бац бертабаха



Кхаарий дийнахь Къилба а, Къилбаседа а Корейшна юкъахь дуьйладала дезаш хилла машаран дийцарш юхадаьхна, хаам бина Сеулера Корейн къам цхьаьнатохаран министралло. Кхетош дац цуьнан бахьана, ца хоуьйту, цкъачунна юкъахдевлла и дийцарш я тΙаьхьо дΙадахьа тарло.

Корейхойн шина пачхьалкхан барт эгΙна Къилбаседа Корейно дахначу Ιай шеггара зарратан ракеташ зер даржийча. Бертан къамелаш долон сацам бинера шина махко шайн дозанерчу Кэсон-кΙоштахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG