ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДогIанаша лаьцна Европа


Германи - Хи кIел бу Дрезденан урамийн некъаш, 04Ман2013
Германи - Хи кIел бу Дрезденан урамийн некъаш, 04Ман2013

Масех кIиранахь догIанаш делхар бахьана долуш дуккха даккхий хиш дистина цхьамогIа Европерчу пачхьалкхашкахь. Нагахь санна, Австри хIинца а цу хихьадаран кхераме ладоьгIуш Iаш елахь, Германи шена хиллачу зенийн мах хадош ю.






ТIаьхьарчу 150 шарахь ца хиллачу кепара догIане еана аьхкенан юхь Европехь, хенанхIоттамхоша чIагIдарехь. Стигалкъекъа-бутт а, Мангал-бутт а йочане бар бахьана долуш, дистиначу хиша вуно даккхий зенаш дина нахана а, церан бахамашна а, Iедалан экономикана а.

Еккъа цхьана Германехь шозлагIчу кIиране яьллачу йочано кхоьллинчу хихьадарша 12 миллиард евроне кхочуш зе дина. Цу юккъе догIуш ду нехан дохийна цIенош, лахара гIатт дIалоцуш гIишлошна чубаьллачу хоттано пайденна йоцучу яьхна туьканаш а, цу чуьра сурсаташ а, Iедалан хьукматийн кхерчаш а, кхин а, кхин а.

Юьхьанца Германин Малхбалехь алсам хилла болу хихьадаран бохам кху деношкахь цу мехкан Ккъилбаседане кхаьчна, хIинцалца схьа кхерамаза лоруш хиллачу.

Шлезвиг-ХIольштайн бундеслаьттахь Элба-хи уггаре а лекха ларалучу тIегIанна тIекхачар тергалдина хенанхIоттамхоша. Ткъа и бохург ду цу хин йистошкахь беха нах а, церан дийнаташ а, - бахамаш-м муххале а, - боккхачу кхерамехь бу бохург. Цундела сихонца цу лаьттарчу Лауенбург-гIалара 200 вахархо кIелхарвоккхуш, кхечу метте дIавигна Iедало.

Цигарчу бахархойн шен балакхочийла гайтархьама кху кIиранахь, дела денна аьлча санна, резаьнки эткаш а йоьхна, хи хьаьд-хаьддачухула лелаш йолу немцойн канцлер Меркель Ангела а яхнера Германин къилбаседене. Хихьадарах зедаьллачарна массарна а компенсацеш лур ю, аьлла тоьшалла динчу Меркелас дийцира, меттигерчу Iедало лерина цу бохамах зулам даьллачарна гIодаран Iалашонца кхоьллина фонд ю, аьлла.

„Хи сацон йина дамбанаш йоха а йоьхна, Элба тIедаларан кхерам хIинца вуно боккха бу“, - дийцира журналисташка Мекленбург-Хьалхара Померани лаьттахь кхоьллинчу кризисан штабан куьйгалхочо Лудвигслуст-Пархимс.

Яхначу буса Саксони-лаьттахь хьаддачу хино вийна кхин цхьа стаг а, цу кепара Германехь бохамах беллачийн терахь 8 стаге кхачош. Йоллучу Европехула хихьадаро вийнарг хIинцалц схьа, мел кIезиг а, 15 стаг ву.

Саксонехь а, Баварехь а, Мекленбург -Хьалхара Померанехь а кхаарий дийнахь дIахьош яра меттигерчу бахархойн эвакуаци.

Кхин тоьлла хьал дац Австрехь. Клостенойбург олучу Венина уллерчу жимчу гIалахь даккхий зенаш дина хихьадаро, дуккха нехан тховкIелонаш а йохош, масех стаг лаза а веш. Пачхьалкхан коьртачу шахьарехь Венехь дела денна Дунай-хи шен бердел тIехдаларе ладоьгIуш бу тергамчаш.
XS
SM
MD
LG