ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдогΙана кхерамаш туьйсу оппозицина



Туркойчоьнан премьер-министра ЭрдогΙан Реджепа, тΙаьххьара ду аьлла, дΙахьедина Уьстамаларчу Таксим-майданахь лаьттачу оппозицига, и меттиг цара маьрша йита езаш хилар. Телевизионехула ша къамел деш, полицино кхин садеттар дац, элира ЭрдогΙана. Йохк-эцаран, синкъераман гΙишлош Таксим-майданахь ца яхкийта арабевллачу протестхойн могΙарех кхетта Хонкарара бахархой а.

Еарийдийнахь гулам дΙасалахка гΙертачу полицина дуьхьалоеш велла Таксим-майданахь 4 стаг, 5000 эзар стаг лазийна. Амма нах майда лаьцна Ιа хΙинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG