ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

93000 стаг велла Шемахь



93 эзар стаг велла Шемахь тΙемаш лаьттачу шина шера чохь, чΙагΙдо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. Адамийн бакъонашкахула йолчу цуьнан Лакхарчу комиссаро Пиллей Навис и терахь кхин а лакхара хила тарло боху шен дΙахьедарехь.

Шо ду Шемахь хΙора баттахь 5000 стаг вуьйш тΙемаш шорбелла. Кху эха шарахь велларг а ву 27 эзар вахархо. ЖамΙаш вовшах а тухуш, церан терго еш бу шаьш махкара шемахой а, церан Ингалсехь ханна куп тоьхначу бакъонашларъярхойн хьукмат а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG