ТIекхочийла долу линкаш

Чехи коррупцех цΙанъяла гΙерта



Чехин шахьарахь Прагехь еарийн буса арабевллачу полисхойн 400 белхахочух вовшахтоьхначу дакъоша мехкан премьер-министран канцелярин директор а, министрш а, цхьаболу парламентан депутаташлахь Ιийна нах а лецна еарийн дийнахь.

ЦΙенойх хьаьвсина тΙеман министраллан а, Прагин мэрин а белхахошна. Телевизионаша а, интернетехь онлайно а гойтуш дΙадаьхьна полицино Прагерчу банкашкара хьаькамийн долара алссам деши.

Премьер-министр Нечас Петр шена тΙевехнера еарийн Ιуьйранна Чехин парламенто. Амма иза реза ца хилла депутаташца къамеле вала. Кхузарчу прессано дийцарехь, иза шен белхан меттера а къахкийна коррупцина дуьхьал гΙаттийначу операцино.
XS
SM
MD
LG