ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдулатиповн белхан стоьмаш гуш бу



Коррупцина кху муьрехь алссам дуьхьало яр айдина меттиг ю Оьрсийчохь Дагестан. Цигарчу лакхарчу кхело лаца сацам бина, шен белхан меттехь са эцарна бехке а вина, Каякент-кΙоштан да Гамзаев Илмутдин. И хаам баржийна Дагестанан Талламан комитето. Боберашна лерина хьакъ даарна бехке во иза.

Ткъа хьалхо лаьцначу ХΙинжа-ГΙалин мэран Амиров СаΙидан метте хΙоттийна махкахь ханна куьйгалла дечу Абдулатипов Рамазана Дагестанан университетан ректор Рабаданов Муртаз-Ιали. «Ас цунна декхаре до шахьарахь дахар тодар а, нийсоне кхачор а» - яздо ша бахархошца зΙе латточу интернет-машанехула Абдулатиповс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG