ТIекхочийла долу линкаш

Шемара химин герз – боккхачу тΙеман байракх



Шемин арахьарчу гΙуллакхийн министралло харцдо шайн эскарша махкарчу гΙаттамхошна дуьхьал тΙемаш беш химин герз юкъадаьккхина, аьлла, Вашингтоно дина дΙахьедар. «И къамелаш аьшпех дуьзина а ду, харц информаци тΙехь даржош а ду», - боху Шемарчу дипломатин хьукмато.

Еарий дийнахь Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа бехке йина президентан Асад Башаран агΙо, цо зарин-дΙовшах дуьйлина герз гΙаттамхошна дуьхьал а даьккхина, 150 стаг верна. Оьрсийчоьнан президентан арахьарчу политикан хьехамчас Юшаков Юрийс а шеконе дуьллу Вашингтоно Ιорадаьккхинарг. Ιамерка Шемарчу гΙаттамхошна гΙодан йолалахь, хала хир ду кхидΙа цигахь машаран дийцарш дΙадахьа, элира Юшаковс.

Ткъа Британин арахьарчу гΙуллакхийн министр Хейг Вильям а тΙетайна Шемарчу Ιедало оппозицина дуьхьал химин герз тоьхна бохучунна. Иза бакъдо НАТО-н инарла-секретара Расмуссен Андерса а.
XS
SM
MD
LG