ТIекхочийла долу линкаш

Хьанна кхаьчна гΙажаройн кхаьжнаш?



ГΙажарой президентан харжамашкахь дакъалоцуш бара пΙераскан дийнахь. Кандидаташлахь вара 7 стаг. Мониторинго гайтарехь, алссам нах бара шина политикехьа. И шиъ ву зарратан программа дуьненца йийцаре ечу тобан лидер РохΙани Хьассанний, ТехΙеранан мэр, консерваторийн векал Калибаф Мохьаммаддий.

Висина виъ кандидат ву махкахь дин чΙагΙдар шайн коьрта Ιалашо лоручу политикех. Ах сов кхаьжнаш цхьанне а ца тосуш нислахь, кху беттан 21-чу дийнахь хир бу харжамийн шолгΙа мур.
XS
SM
MD
LG